Парижерчу кхело 10 эзар евро гIуда хьарчийна, шен националистийн хьежамашца гоьваьллачу Францин президентан дарже кандидатах Земмур Эриках, иммигрантийн берех, Нохчийчуьрчу а цхьана, цо аьлла ксенофобин дешнаш бахьана долуш. Гезгамашин-баттахь, CNews каналехь къамел дечу заманчохь Земмура хьахийнера деца-ненаца а боцуш, улло ваьлла стаг а воцуш Франци оьху бераш, яздо The Telegraph ресурсо.
"Мароккера, Пакистанера, Нохчийчуьра чуоьхучу оцу нахана харж йо вай, дукха хьолахь, цаьрца зуламхой, къуй хуьлу. Уьш жоьлкаш ю. Уьш нах байинарш бу. Уьш ницкъбинарш бу. Вай уьш юхахьийсо деза", - аьлла, дIахьедира Земмура.
Кхелан кхеташоне ца веара Земмур.
Массарна а хезаш сийсазалла кхайкхорна а, расин а, къоман а, динан а билгалонашца цабезам марсабаккхарна а гIуда токхур ду Земмура дакъошкахь - дийнахь 100 евро охьа а дуьллуш. ГIуда ца токхуш, дуьхьал валахь, набахте хьажо тарло иза.
63 шо долу журналист а, публицист а волу Земмур Эрик хIинцале а шозза кхелехь таIзар дина ву, адамашлахь гамо а, цабезам а марсабаккхарна. Стохка юкъараллехь бинчу хаттамца а догIуш, 2022-чу шарахь Охан-баттахь хинболчу Францин президентан харжамашкахь шолгIа меттиг дIалаца тарлора Земмура. Делахь а хIинца цуьнгахьа берш жимбелла.