ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ: 4 регионехь 31 террорхо лаьцна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша (ФСБ) хаам бина террорхойн регионалашна юкъахь лелачу "Катиба Таухьид валь-ДжихIад" (Оьрсийчохь йихкина ю) структурин лидерш а, декъашхой а лецна шаьш аьлла. Москвахь, Новосибирскан кIоштахь, Якутскехь, Красноярск-махкахь лерина операцеш дIаяьхьна аьлла, дIахьедина ФСБ-н юкъараллашца зIенаш латточу центро. Верриг а лаьцнарг ву 31 стаг.

"Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллица а, Росгвардица а вовшийн зIе а йолуш, леринчу операцин гурашкахь Москвахь а, Новосибирскехь а, Якутскехь а, Красноярскехь а, Новосибирскан кIоштахь а юкъахдаьккхина террорхойн "Катиба Таухьид валь-ДжихIадан" гIуллакх. Цуьнан лидерех а, могIарерчу декъашхойх а 31 стаг дIалаьцна", - хаам бина ФСБ-н юкъараллашца зIенаш латточу центро.

Къайлахчу сервисийн хаамашца лецначара "вербовка"а еш, рекруташ дIахьийсош хилла тIемаш болчу мехкашка, Шемарчу организацин декъашхошна ахчанаш латтош хилла, терроран тохарш дан цаьрга кхайкхамаш а беш.

Лецначу юкъараллан декъашхошкара схьаяьккхина динан литература а, пропанагдин материалаш а, зIенан гIирсаш а, информаци тIехь йолу дискаш а, банкан картанаш а.

  • Охан-баттахь Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша дIахьедира, йоллу пачхьалкхехь къайлах герзаш ден 27 меттиг карийна шайна лерина дIахьочу операцехь аьлла. ФСБ-н сайтехь хаам барехь, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллаца а, Росгвардица а юкъахь 22 субъектехь дIаяьхьна цара рейдаш, шайлахь ГIебарта-Балкхаройчоь а, Кхарачой-Чергазийчоь а, ГIалгIайчоь а, Ставропол-мохк а болуш. Герзаш деш, уьш духкуш хилла 55 стаг лаьцна дIаяьхьначу операцешкахь.
  • Цаьргара даьккхинера Оьрсийчохь а, кхечу пачхьалкхашкахь а дина 222 тайпана герз: автоматаш а, пулеметаш а, тапчанаш а, 52 артиллерин хIоьънаш а, куьйга кхуссу 57 гранат а, ши минометан мина а, бархI эзар гергга патармаш а, ворхI кила ах кила молха а, тротил а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG