ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ-н тергамна кIел. Арахьара агенташ а, " Путинан гIала-гIишло" а


Путинан гIала-гIишло Геленджикана гергахь
Путинан гIала-гIишло Геленджикана гергахь

"Бахархойн жигаралла экологин зуламашна дуьхьал" ("Гражданская инициатива против экологической преступности") цхьаьнакхетараллин аьтто баьлла Оьрсийчоьнан юстицин министралле ша арахьарчу агентийн статусера дIаяккхийта. 2011 шарахь оцу хьукматан векалийн аьтто белира Геленджикера "Путинан гIала-гIишлоне" кхача. Карарчу хенахь оцу тобано тлламашкахь латтадо и гIишло йоттийта хьан, муха дIаелира хьаян магош а йоцу хьун.

"Бахархойн жигаралла экологин зуламашна дуьхьал" арахьарчу агентийн – Iедалх йоцчу организацийн декъаязйира 2019 шеран ГIадужу-беттан 25-чохь. Юстицин министраллин сайто бахарехь, Greenpeace яра цунна ахча латториг. Ткъа ша Greenpeace, дуьненаюкъара цхьаьанакхетаралла хиларе терра, яц Оьрсийчоьно "арахьара агент" лоруш а.

Хьукматан куьйгалхочо Шевченко Дмитрийс дийцарехь, "арахьара агент" статус бахьанехь гIуданаш детташ, 2,5 шера чохь охьадиллийтина цуьнга Iедало миллион сом гергга ахча. Иза Оьрсийчоьнна дуьхьал дов а гIаттийна, Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелехула схьадаккха дагахь ву Шевченко.

"Бахархойн жигаралла экологин зуламашна дуьхьал" Iедалх йоцчу организацешлахь дуьххьара яц "арахьара агентийн" реестрера ша дIаяккхийтинарг. Ткъа дуккха а коммерцехь йоцчу цхьаьнакхетаралийн дезна дIакъовлаяла, и томмагIа шайна тIера ца даккхалуш.

Радио Сободина еллачу интервьюхь Шевченко Дмитрийс дуьйцу, муха белира аьтто Оьрсийчуьра хьаькамаш "Бахархойн жигаралла экологин зуламашна дуьхьал" хьукмат "арахьара агент" яцарх тешо а, оцу статусо балханна новкъарло ца йо боху Путин Владимир стенна тIехь харц ву а.

"Бахархойн жигаралла экологин зуламашна дуьхьал" олу шайн хьукмат арахьарчу агентийн могIарара дIаяккхар цIеххьана нисделла хIума дарий хьуна?

– Тхо реестрера тхаьш дIадахийта шарахь сов гIиртира, хIара тхан шолгIа гIулч яра. Шо хьалха кхочуш ца дира сан дехар, яхначу гурахь ас шозлагIа дехар чуделира, тхо теллира юха а, ца карийра юстицин министраллина оха арахьара ахча эцна меттиг. Баккъала а хилла дац иштаниг, тхан болх кераюккехь санна биллина, гойтуш бу, официалехь ю тхан цхьанакхетаралла банке хIоттаелла а –оха дIагайтира массо а документ. Сацам юхаэца бен ца дисира царна. Кхеташ ду, шайн ма-луъу къастам бан йиш яра церан, кхечу цхьаьнакхетараллашца санна, кхоллалур дара цаьрга бахьана а, амма лакхахь иза ден цаьрга ца аьллачух тера ду.

– Ткъа стенна яздинера шу реестре?

– Дуьненаюкъарчу Greenpeace цхьаьнакхетараллица уьйрахь хиларна даьхнера тхо арахьарчу агентийн статусе. Оцу хьукматца уьйрашкахь ду аьлла, реестре даьхнарш пачхьалкхерчу экологин цхьанакхетараллех тхо бен дацара. 2018–2019 шерашкахь лаамхой цIе яйъа Iамош дара тхо, цунна реестре а дехира, цIеяйъа Iамош, адамаш вовшахтохар а, йолуш нисло цIераш хеьхор а лору политика – оха Iедалан сацамашна тIеIаткъамаш бар, оцу сферера гIуллакхаш критике дерзор политикан тIегIане дуьллу пачхьалкерчу баккхийчу хьаькамаша. Тхо реестре дохуш, политикан хьесапе даьккхира Iедалхоша ас социалан машанашкахь, сайн агIонаш тIехь мел аьлларг, пайда мел боцу йозанаш цхьаьана туьйхира, тхох политикаш дира.

– Агентийн статусе шу даьхна арахьара ахча кхин схьаоьцуш дац аьлла. Кхин хIун бохура министралло бинчуталламехь? Iедална гергахь шу политикана юкъагIертарш а хилла дисина?

– "Политикан гIуллакхех" лаьцна-м цара тхан массо а "сакхтел" дукха дуьйцура, реестре дохуш яздинарг – иза эхь ду цIена, тIекхоьллира мел доцург, тхо халкъан кхетам галбаккха гIерта бохура. Ткъа ца до оха оцу могIараниг цхьа а хIума, до муьлххачу а цхьанакхетаралло дан дезарг. "Нехан кхетам хийцар" – иза тхуна низамо магийна болу тхан болх бу, амма цара цунах олу "политика". Оха кхелехь тIедожадора хIоразза а, схьагайта тхуна скриншоташ, документаш, муьлха йозанаш ду тхан политика лара шуна магош дерш, олура. Ам сайггара аьлларг а хIора тхан цхьанакхетараллин "къиношна" юкъа: хьо а, хьан организаци цхьа хьукмат ю бохура. Иштта яра юстицин министраллин позици. Делахь а ца карийна царна арахьара тхуна кхочу ахча, оцу бахьаница цабевлла дьхн тхо реестрера.

– Дуй-те реестре шун хьукмат язъяр хьо 2011 шарахь Геленджикерчу Путинан гIопе кхаьчна хиларца, ахь довзийтинарг тIаьхьо Навальный Алексейс шен талламехула дIасааржоцар дозуш?

– Нийсса ишта ду ала бух бац сан, амма тхо реестре дохуш а, оха кхеле хьал дуьллуш а даима тIаьхьаяьлла лелаш яра ФСБ. Тхуна 300 эзар сом гIуда туьйхира, ФСБ-но тхо цхьана сайтан долахой ду, амма оха иза къайладаьхна аьлла хIоттийна кехат бахьана долуш. Тхуна ша и кехат гайтана а дац: къайле ю аьлла. "Тхан хьуна и гайта йиш яц, амма кхелан материалашлахь долуш ду", элира соьга. Тхуна дуьхьал даккхинчу массо а гIуллакхна тIехьалаьтташ бара ницъхой, къайлаха хьукматаш.

–Шун "арахьарчу агентийн" могIарахь латточу юкъанна мел ахча айна шун, мел болх юкъахбаьлла, мел ду хилла зен?

Тхо ахча данне а доцуш дисина, наггахь волчо лург доцург, тхо маьхза болхбен волонтераш ду хIинца

– Вуно дукха хан яйъина Iедална тхаьш дечух альцна кехаташ хIиттош, аудит дIагойтуш. Ахчанах дерг ала кхин а атта ду суна. 300 000 сом гIуданаш туьйхира шозза, цкъа суна сайнна туьйхира 100 эзар сом. Цхьанакхетараллина хилла дерриг а ахчанан зен 900 эзарна тIера 1 миллион соьме кхочуш ду. Донорех къаста дийзира тхан, хедийра Greenpeace-ца йолу зIенаш а.

– Оьрсийчоьнан куьйгалхо диллина олу "арахьарчу агентан" статусе деш зен дац, иза иэхье томмагIа дац, парггIат бало и цIе тIехь а йолуш болх. Дуй иза иштта?

– Дера дац. Низам юхьанца дуьйна а кхоьллина дара хенан йохалла шордан а, латтош йолу гIело къаргъян а. "Со арахьара агент ву "аьлла ас яздарх чекх ца долу, гIуданаш ду детташ, иза охьа ца диллахь шашаха гIотту хьуна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх. Цхьанакхетаралла йиллина декхаре южу хIора ког, мел бенболу болх дIабовзийта, кехташ яздан. Ткъа юстицин министраллин бакъо ю муьлхха а хаь дагалаьцна болу хьан болх юкъахбаккха, сацо. Оцу кепехь тхоьга банне а балур бацара тхешан болх.

– Шун цхьаьанкхетаралла хилла ца Iа шена тIера "арахьара агент" цIе тIераяьккхинчех. Дукха хан йоццуш Путин Владимира элира, цхьамогIа организацеш оцу царна еллачу статусах паргIатъяха мегар ду, масала, гуманитаран.

– Путина олуш дерг нийсса боIстанехьа кхочушдо меттигашкахь. Реестре организацеш цара дийриг юхьар а оьций йохуш яц цкъа а. Бакъонашларъярхойн, экологин, сагIадаран, я кхийолу юкъараллаш ю реестрехь. Ткъа цунах мукъайовла аьтто ца баьлла шен Iалашонех, таронех, леринчу гIуллакхех хданза йисинчу цхьана хьукматан. Эшамаш кхоччуш баккхий лайна ю рееестррера юхайоху организацеш. Дукхахъерш дIакъовлаелла. Экологин цхьаьанкхетаралла пачхьалкхехь 32, царех 22 хIинцале ю "арахьарчу агентийн" реестрехь.

– Шун муха баьлла аьтто арахьара тIедогIуш ахча а доцуш, шайн цхьанакхетаралла дийна йисийта, болх ца сацош дIалдаха?

– Тхо шозза хьаьвсира шех "президентан гранташ" олу ахча даккха, амма ца делла тхуна иза цкъа а. Суна маьIна ца го и ловзарш дIакхехьа. Тхо ахча данне а доцуш дисина, наггахь волчо лург доцург, тхо маьхза болхбен волонтераш ду хIинца.

– ГIудаанаш токхуш шайна а, шайн цхьаьнакхетараллина а хилла зен меттахIотто гIоьртар дуй шу? Дахалур дуй схьа пачхьалкхера аш гIуданашна охьадехкина ахчанаш?

– Тхан арз ду Iуьллуш Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелехь. Оха догдоху иза листаре. Догдоху хилла зен меттахIоттаре а. Амма тхуна хаьа, сихо хуьлуш яц тхайниг санна долу арз толлуш, Страсбургера кхел тхан гIуллакх листина яллалц йолчу ханна тхаьшка тхайн цхьанакхетаралла латталур ю дийна ала дац.

– ХIун Iалашо ю пачхьалкхан организацеш а, нах а "арахьарчу агентийн" тептаршка язбарца?

– Низам репрессийн гIирсан кеехь лелара иза арадаьллачу цхьана муьрехь. Хьуна хье юккъе томмагI хIотадо, хьо "арахьара агент" ву, Iедална дерриг а айхьа дийриг дIагойтур ваха веза хьо, олий. Амма кху тIаьххьарчу шина шарахь хийцаделла иза, хIинца репрессийн гIирсан болх дIа ца кхоьхьу оцу низамо. Амма цо аттачу доккху хьуна дуьхьал бехктакхам баккха, хьох экстремист ван, дIакъовла хьан хьукмат, дукха хан йоццуш "Мемориал" санна.

– Путинан гIопах дерг. Шо даьлла цунах болу таллам баржийна. Ротенберг Апркадийн апарт-хьешацIа официалехь шех олу Идокапис меттигехь лаьтта и гIишло юй хIинца а оццу статусехь? ХIун ду-теша цунна гонах лелаш?

Путинан гIала-гIишлон сурт. Иза даккха аьтто белира Шевченко Дмитрийн 2011-чу шарахь
Путинан гIала-гIишлон сурт. Иза даккха аьтто белира Шевченко Дмитрийн 2011-чу шарахь

– Тхо таллам берзийна Iаш дац. Масала, муха доладелира и гIала-гIишло йиллар – иза аьлла дац Навальныйн фильмехь. Ткъа доладелира пачхьалкхан долахь йолу хьун, цуьнан хьа доккха дакъа лачкъорца. Иза данне а дац теллина. Оцу хенхь лелачу низамаша ца лора бакъо хьолахочуьнга Iедалан хьун дIаяла, цигахь гIишло хIоттаяйта, цундела боху ас – хьун лачкъийна. Лаьтта бухахь стадион ю, масала, хьадан мегаш а доцу латта хьадина цигахь, экологина зен дина. Цигахь ломан тархашца тех-мехала Iаламан Iаламаташ дара, уьш стенга даьхьна?

"Аквадискотека" Путинан гIала-гIишлонна хьалха"
"Аквадискотека" Путинан гIала-гIишлонна хьалха"

– Хьалха санна ларъеш юй гIала-гIишло, тIевоьдийла дуй цунна?

– ТIевоьдийла мухале дац, ха ду дуккха а совдаьккхина дIахьош. Тхо хьалха кхеташ доцу тентакийн кеп тхаьшна тIе а эцна, чудахара оцу гIопе. Ха чIоггIа чIагIдина. ХIинцагонахарчу раьгIнашца радиотулгIенаш йохаен гIирс хIоттийна, дронаш лелалур дац тIехула суьрташ дохуш.

– Баккхийчу хьакамийн гIишлонех кхин хIун ю цигахь еш?

– Геленджикехь цахеддаш йо хIуъа а йой а. Бакъду, тоьлла ларалуш долу лаьттан дакъош тоххара дIасадаьхна эцархоша. Кемсаш латта макссанхьа а, хьолахойн гIишлош лаьтта. Геленджикерчу Iедало юхалуьстуш ю гIалин латтанийн реестр. Оцо боккха цакхетам эккхийтир нахалахь. Меттигера Iедал бухарчу бахархоша хIиттош йолу лакппагIаш дIахьоькхуш, къийсалуш Iа, ткъа VIP-гIишлош юкъаяьккхинчу керлачу кепаца йогIуш язйо Iедалхоша. ЧIогIа ца тов иза нахана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG