ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ-но хаамаш бовзийтина, нагахь уьш гулбахь "арахьара агент" лара мегаш болу 


Оьрсийчоьнан федералан кхерамазаллин сервиса тептар тIечагIдина, пачхьалкхан къайле йоцу, амма Оьрсийчоьнан кхерамазаллина дуьхьал пайда эца таро йолчу хаамех лаьцна. Гезгмашин-беттан 29-хь аьлла хан хIоттийна долу оцу хьукматан омра арадаьлла пIераскан дийнахь нормативан-бакъонийн актийн порталехь.

Цу тайпа тептар кхоллар билгалдаьккхина дара "арахьарчу агентех" лаьцначу 2020-гIа шо чекхдолуш тIеэцначу низамна тIехь бинчу хийцамашца.

Оцу тIетохарца а догIуш, нагахь леррина оцу тептарца богIу хаамаш лахьош хилахь милла а Оьрсийчоьнан махкахо я кхечу пачхьалкъхан махкахо декхарелахь ву юстицин министралле дехар дан, ша "арахьара агентийн" реестрна юкъатохьара аьлла. Нагахь цо иза ца дахь, иза чуволла кхерам бу.

ФСБ-н ларарехь 60 пункт ю, шайна юкъахь кху кепара ерш а йолуш:

  • ТIеман-политикан хьал муха хила мега аьлла Ӏилмане диллина хиндерг схьадийцаран хаамаш;
  • Герз а, армин терахь а, полицин а, Талламан комитетан тIеман талламан органаш а, прокуратан а, цIе йойъу тIеман дакъаош а иштта дIа кхин а дIатарделла меттигех лаьцна хаамаш;
  • эскаран а, тIеман дакъойн а, органийн а герз а, хIоъа-молха латточу меттигех лаьцна хаамаш;
  • Оьрсийчоьнан махкахоша тIеман гIуллакх дарх лаьцна хаамаш;
  • эскархойн а, церан доьзалех а болу хаамаш;
  • эскаро оьцучух – сурсатех а, бечу балхах а, эскарийн хьашташ кхочуш бечу балхах - лаьцна хаамаш, шайна юкъахь цкъа бенна эскарна оьшург йоьхкина я гIуллакх динчарах лаьцнарг а долуш хаамаш;
  • шина кепара пайда эца мегар долу суртасаташ эцарх лаьцна хаамаш;
  • эскаршкахь низам лардарх а, цигахь лаьттачу моралан а, психологийн а хьолах лаьцна хаамаш;
  • ФСБ-но а, тIеман Талламан комитето а толлучу армехь хилла зуламаш талларх а, церан жамIех а лаьцна хаамаш.

2020-чу шарахь "арахьарчу агентех" лаьцначу низамехь хийцамаш бира, цхьацца адамаш "арахьара агентех" лаьтта реестр кхолла. Цкъачунна оцу реестрна юкъатоьхна стаг вац. Иттаннаш Оьрсийчоьнан махкахой дIаязбина бу кхечу реестре – "Зорбан гIирсаш – арахьара агенташ".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG