ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIиранчохь Къилбаседа Кавказехь шозлагIа теракт юхатохарх дIахьедина ФСБ-но


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Кхарачойн-Чергазийчохь теракт юхатоьхна аьлла, дIахьедина ФСБ-но, кху кIиранах шолгIа ду иза.

Леринчу сервисийн хаамашца, "пачхьалкхан Iедалан а, къепеларъяран а цхьахйолчу объектехь арахьарчу эмиссаран тIедилларца" терроран акт йан кечлуш хилла волу Оьрсийчохь магийна йоцчу "Исламан пачхьалкхан" агIонча ву бохург дIалаьцна Черкесскехь. Лаьцначун цIийнах хьоьвсина – цигахь карийна оьккхуьйтург йаран гIирс а, иштта "цуьнан зуламе лаамаш гучубоху кхинйолу материалаш" а. Бехктакхаман гIуллакх диллина Iедалан шина къепехь: "Терактана кечам бар" а, "Терроран цхьанакхетараллехь дакъа лацар".

Охан-беттан 25-хь ФСБ-но ишттачу чулацамца Ставрополехь лецарш хиларх хаамбира – ницкъахоша бохура, "исламист" транспортан объект эккхийта гIерташ хиллера. Цо бехк тIелаьцна.

  • Коьртачу прокуратурано дахначу шарахь Оьрсийчуьра бакъонан а, низаман а хьолах лаьцна рапорт арахецна – тIехьоьжучу хьукматан материалашца а догIуш, Оьрсийчохь юхатоьхна 28 теракт, царах 11 Къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG