ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСИН-н исс белхахочо йиттинчу Цагалаевн гIуллакх кхеле кхачийна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ярославлерчу номер 1 йолчу колонехь хан яьккхинчу Цагалаев Абубакарна йеттарна тIехула долийна бехктакхаман гIуллакх Заволжскерчу кIоштан кхеле дIакхачйна. Iазапаш хьегийтарх гIуллакхехула бехкевина ФСИН-н хIинцале балхара дIаваьккхина исс белхахо: Баланов Владимир а, Богданов Игорь а, Бровкин Алексей а, Вихарев Алексей а, Камиронов Игорь а, Коковин Иван а, Семенов Александр а, Цветков Руслан а Яблоков Максим а, хаамбина The Insider (арахьарчу агентийн тептаре язйина ресур) гIирсо.

Стохка Чиллан-баттахь, 2016-чу шарахь ИК-1 колонехь тутмакхашна ницкъбарх керла видеош гучуевллачул тIаьхьа долийнера бехктакхаман гIуллакх. Регистраторца дIаязйинчу видео тIехь гуш ду, масех стага дIа а лаьцна, стоьлтIе охьавиллинчу Цагалаев Абубакарна колонин кхечу белхахоша чхьонкаршца етташ.

Цагалаев маьршаваккха ши кIира дисинчу заманчохь колонин белхахоша сийсазвора иза талламаш бечу хенахь, лаьтта охьакхоьсира КъорIан, цуьнан юург а дIасаяржийра. Ша Цагалаев гIуданан изолятор чу хьажийра, цигахь сабIарзделлачу цо ангалин геригца шен куьйг хадийнера. Оцу тIехула масийттазза йиттинера цунна ФСИН-н белхахоша, иза кхетамчуьра а воккхуш.

  • Оьрсийчоьнан Талламан комитето 2021-чу шеран Чиллан-баттахь лецира Ярославлерчу номер 1 йолчу колонин хилла хьаькам Николаев Дмитрий.
  • Примоскан кIоштарчу Волчанец эвлахь меттигерчу номер 27 йолчу колонехь йиттинчул тIаьхьа лазийнера Нохчийчуьра вахархо Адаханов Хьусейн, цул тIаьхьа кхелхира иза.
  • Шерашкахь далхадора шайна тIехь гIело латтош хилар Оьрсийчоьнан набахтийн урхаллин Саратов-махкарчу туберкулезах дарбадечу хIусаме кхочучара. Санитараш а, бахамна тIехьожурш а шайх бинчу тутмакхаша хьаькамийн я ФСБ-н "М" декъан белхахойн лаамца Iазапе верзавора шаьш санна волу тутмакх, видеогайтамашка а дуьллура шаьш дийриг. ГIадужу-баттахь бакъонашларъяран Gulagu.net проекто яржийра интернетехула оцу могIарара йолу Саратов-махкара видеоматериалаш. Лелларг бахьанехь масийтта бехктакхаман гIуллакх гIаттийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG