ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСИН-н куьйгалхо дIаваьккхина Путина


Калашников Александр
Калашников Александр

ТаIзар кхочушдаран федералан урхаллан (ФСИН) куьйгалхо Калашников Александр дажржах мукъаваьккхина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Цунах лаьцна омра Кремлан сайтехь зорбане даьккхина. ДIаваккхаран бахьанаш ца дуьйцу.

ФСИН-н керла хьаькам ву Гостев Аркадий, хьалха чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс лаьттина волу.

Колонешкахь а, ФСИН-н кхечу хьукматашкахь а тутмакхаш хьийзийна, царна тIехь Iазапаш, къизаллаш лелош гойту иттаннаш видеош тIаьххьарчу кIиранашкахь Гулагу.нет проектан бакъонашларъярхоша зорбане ехира.

Бакъонашларъярхоша чIагIдо, оцу кепарчу видеох шайга йоккха архив кхаьчна, цуьнан жимахдолу дакъа бен шаьш Iорадаьккхина а дац аьлла. Iедалхоша масех бехкзуламан гIуллакх диллира, ФСИН-н Саратовн кIоштарчу туберкулезан дарбан цIийнехь ницкъбарна тIехула.

Дахначу шерашкахь а хаамаш бора ФСИН-н хьукматашкахь Iазапаш лелорах. Масех колонехь бунташ гIиттайора тутмакхаша, шайга бахьочу балана латкъам беш. ФСИН-н масех белхахо, колонийн куьйгалхой а цхьаьна, бехкебира, амма массарна а ца йиттира хенаш.

Калашников - ФСБ-ра схьаваьлла ву, ши шо хьалха хIоттийра иза ФСИН-н директор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG