ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГӀебарта-Балкхаройчохь полисхошна тӀелата кечлуш хилла тоба лаьцна аьлла хаамбина къайлахчу сервисаша

Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГӀебарта-Балкхаройчуьра Баксан кӀоштан бархI вахархо лацарх хаамбина къайлахчу сервисаша. Официалан версица, дуьненаюкъарчу террорхойн йукъараллина тешаме хила дуй а биъна, ницкъаллин структурийн белхахошна тIелетарш дан кечлуш хилла уьш, цаьргара герз схьа а даьккхина, хьуьнчу дIабаха дагахь. Цхьа а билггал тоьшаллаш ца далийна цу урхалло дуьйцург бакъ хиларх, лецначийн карахь хилла ду боху герз гайтар доцург.

Ишта ницкъахоша дIахьедина, оцу лецначийн цIахь цхьана къайленехь 10 тайп-тайпана герз а, 500 патарма а, пхи кила тоьпан молха а, куьйга бина цIе тосу 12 гIирс а, 18 урс а, кхоъ радиостанци а, молханаш а, лаьмнийн-хьаннийн меттигашкахь шайна хене бовла вовшахтоьхна хилла кхача-сурсаташ а карийна аьлла. Йаздо цунах лаьцна Кремлехьа йолчу «Интерфакс» агенталло. Мича буха тIехь ФСБ-но и хьесапаш дина, хууш дац.

Пачхьалкхан ТАСС агенталло йаржийначу видео тIехь гойтучу хIуманашна йукъахь йу йихкинчу «Кавказан Имарат» йукъараллин байракх а. Лецначийн цIераш гIара йохуш йац, уьш берриг а СИЗО-хь латтош бу. Бехкзуламан гIуллакх долийна терактана кечамбар, террорхолйн йукъараллехь дакъалацар аьллачу артиклашкахула.

  • Къайлахчу сервисаша дIахьедира Оьрсийчоьнан эскаршна тIелета дагахь хилла цхьа могIа кIелойарш йукъахдаьхна шаьш масех реионехь, ишта Краснодаран кIоштахь а. Къайлахчу сервисийн версица, IатIарш ду а аьлла, почтехула оьккхуьйтург хилла царна дIакхачон кечйина. Оцу гIуллакхехула шеконашца лаьцна стохка зазадокху-баттахь цхьа стаг, иза бехке хила тарло аьлла тоьшаллаш дац.
  • Оьрсийчоьнан ФСБ-но дIакхайкхийра, Анапан 46 шо долчу вахархо шаьш лацарх, иза пачхьалкхана йамарт валарна. Украинана лерина Оьрсийчоьнан тIеман министраллин дакъош долчу меттигех а, йагорган-энергетикан комплексан гIишлойх а хаамаш гулбеш хилла цо Краснодарехь.
XS
SM
MD
LG