ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь рогIера пенсиш сецор "нийса боцучу хаамашца" кхетийна Iедало


Г1алг1айчоьнан куьйгалхо Калитов Махьмуд-Iела, гайтаман сурт
Г1алг1айчоьнан куьйгалхо Калитов Махьмуд-Iела, гайтаман сурт

ГIалгIайчуьрчу Iедало пенсеш сецор кхетийна "электронан гIуллакхашкахь нийса хаамаш ца хиларца". Цунах лаьцна республикан куьйгалхочуьнца Калиматов Махьмуд-Iелица хиллачу цхьанакхетарехь дийцина Оьрсийчоьнан Пенсин фондан регионерчу декъан урхалхочо Евлоев Зубайра.

"Фортанго" дийцарехь, гIадужу-баттахь ГIалгIайчоьнан бахархошна шина кIирна сацийнера пенсеш схьадалар. Калиматовс оцу хенахь дIахьедина ма-хиллара, республикехь рогIера талламаш дIахьочу йукъанна гучубевллачу керлачу кхачамбацаршца доьзна дара бахьана. ГIуран-беттан шолгIачу декъехь проблема йуха а нисйелира, цунах лаьцна дIахьедира меттигерчу "Единая Россия" партин муниципалан депутата Алиханов Алихана а, республикехь вевзаш волчу Чумаков Хьамзата а.

Маса вахархочун пенсиш сецийна, билггал хууш дац. ГIалгIайн телеграм-каналаша масех эзар стаг ву боху уьш.

  • Пенсийн йуккъерчу барамехула йолчу рейтингехь тIаьххьарчу меттигашкахь нисйелира Къилбаседа Кавказан йерриг йалх республика а, Адыгея а. И хаамаш баржийна Оьрсийчоьнан Пенсин фондо. Оцу барамехь тIаьххьара меттиг йу Дагестанан (12 761 сом), цул хьалха рейтингехь ГIебарта-Балкхаройчоь йу (13 061 сом), тIаккха Кхарачойн-Чергазийчоь (14 049), Г1алг1айчоь (14 137), ГIалмакхойчоь (14 215), Къилбаседа ХIирийчоь (14 743), Нохчийчоь а (14 813).
  • ГIалгIайчоь, Кхарачойн-Чергазийчоь, ГIалмакхойчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, Нохчийчоь а Оьрсийчоьнан уггар ледарчу регионийн "РИА Новости" пачхьалкхан агенталлин рейтингехь нисйелла. Бахархойн дахаран хьелашца, социалан-экономикан таронашца, белхан меттигашца, кхинйолу билгалонашца а хIоттийна йу и рейтинг.
  • ТIом болабелчхьана бахархоша доккхучу ахчан барам лахбалар толлуш хIоттийначу рейтингехь хьалхара меттиг йаьккхина ГIалгIайчоьно и меттиг республико Камчаткица йекъна. ГIеххьа ахча лахдалар гучудаьлла Кхарачойн-Чергазийчохь, Дагестанехь, Адыгейхь, ГIалмакхойчохь. Цунах лаьцна дуьйцу Росстатан диллинчу хаамашкахь.
  • Алапашна йукъахь йоккха башхалла йолчу оьрсийн регионийн рейтинган чакхенехь нисйелла ГIалмакхойчоь, ГIалгIайчоь. Баттахь 100 эзар соьмал дукха ахча доккхуш болу белхахой а, 20 эзарал кIезга алапа долу белхахой а тидаме оьцуш хIоттийна йу рейтинг.
  • 2021-чу шарахь нехан бахаман барам луьстуш хIоттийначу рейтингехь аутсайдер хилла ГIалгIайчоь, тIаьххьарчу итт меттигашкахь Къилбаседа Кавказера регионаш нисйелла. Пачхьалкхан хаамийн "РИА Новости" агенталло хIоттийна и рейтинг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG