ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь тIемалошна гIоьналла латторан гIуллакхехула йолчу тешо дийцина, ша дина боху "тоьшаллаш шайггара кхоьллина" ду аьлла


Дагестанерчу Кумторкалинскан кIоштан кхело хеттарш дина туьканарчу йохкархочуьнга, талламан версица, меттигерчу вахархочо Даитбеков Шемала гIаттамхошна аьлла, сурсаташ оьцуш хилла цуьнгара. Бехкевечунна дуьхьал тоьшаллаш ша дина дац аьлла кхелехь йохкархочо, ткъа талламхочо протоколехь яздина "доцург дийцина" аьлла, яздо Кавказ.Реалии портало.

Даитбековн адвокато Асиялов Аталава бахарехь, талламхочо протоколехь цуьнан метта ша яздина хилла, Даитбеков шен туькана а оьхуш, сурсаташ оьцуш хилла, тIаьхьо гIаттамхошна дIакхачон Iалашонца аьлла.

"Ша дийцина дац боцу цо, иза юьхьтIера йа вовза а ца вевза боху шена, иза туькана а веана вац боху цо. Цуьнан зуда а, бераш а догIура боху, тIедиллина хIума яхьа, тIаьхьа, пенси схьаэцча- декхар схьалора боху", - дийцина адвокато.

Талламан версица, Даитбековс цигаьркаш а, бепиг а, йоьхьаш а, сиха кечъен гарзанаш а оьцуш хилла оцу туьканара, контртерроран операцехь тIаьхьо байинчу "Кизизилюртовская" цIе йолчу тобанан декъашхошка масийттазза дIакхачийна хилла.

Хьалхо Кумторкалинскан кIоштан кхело Даитбековна колонехь даккха бархI шо хан туьйхира оцу бехкана, ткъа Дагестанан Лакхарчу кхело церан сацам юха а баьккхина, гIуллакх кхин цкъа а талла дIахьажийра.

  • Эпилептик ву Даитбеков, психиатро чоьте эцна а ву, оьрсийн мотт ца хаьа цунна, йа школехь дешна а вац иза. Даитбековн гергарнаш а, юьртахой а тешна бу, бакъоларъяран органаша бух боцуш дуьхьал даьккхина гIуллакх ду аьлла, хIунда аьлча, шен синIаткъамца проблемаш хиларе терра, цуьнан ницкъ кхочур бац ша бехке цахиларх тоьшалла дан.
  • Къайлаваьхьначу шина тешан мукIарлонна тIехь биллина бехк бу. Царна кхераме ду бохуш, уьш гучубаха кхел реза ца хилла.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG