ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Кхераме» гаджеташ


Кавказерчу Iедалхоша шайна кхераме хиларна, шаьш дIа ца яздайта боху нахера «шпионан къоламаш»?

ХIинжа-ГIалара 20 шо долу вахархо бехкево «шпионан» флекшанаш йохкарна. Духхьара дац иза, «сов хIилла долу техникан гIирс» - видеокамера, диктофон шеца йолу гаджет эцначунна дуьхьал боккху бехктакхам.

Дагестанан Талламан комитето бахарехь, бахначу баттахь жима стаг гучваьлла 5000 соьмах аудио, видео дIаязъен къолам бухкуш. Оьцург, гарехь, хилла иза Iораваккха араваьлла полисхо.

«Лерина гIирс» эцарна-бохкарна Къилбаседа Кавказехь дахначу шарахь жоьпе озийна Iедало массех стаг.

200 000 сом гIуда, я 4 шо набахтехь даккха тоха тарло ХIинжа-ГIаларчу вахархочунна.

Кхушара а айдина и санна долу массех дов Къилбаседа Кавказехь.

Иштта, Старопол махкахь, Зеленокумскехь, 43 шо долу вахархо ву цо 2012 шарахь базарахь лело бихкина «къоламан хьесапехь бина лерина гIирс» эцарна жоьпе ийзош. Эцначул тIаьхьа, и «къолам» бухкуш лаьцна иза.

Ткъа Нохчийчохь 64 шо кхаьчначу вахархочо интернетехула мах а белла, эцна интернет чуоьцу гIирс а, аудио дIаязъе компьютеран «дахка» а. Поште шен уьш схьаэца вахча, лаьцна полисхоша.

ГIирс оьцург - лоцу, бухкург - вуьту

Бакъду, нисло гаджеташца зуламдеш а. Масала, стохка Дагестанехь «шпионан» гIирсца нехан банкан картанаш тIера ахчанаш дехира, 200 стеган лачкъийра ах-миллион гергга сом. Амма иштаниг цхьаъ ду, ткъа массанхьа а юхкуш а, оьцуш а йолу видеокамера я диктофон тIехь йолу «къолам» хьан долахь хилар – кхин ду – иза дерриг а дуьненахь легалехь хиларе терра.

ГIебарта-Балкхаройчуьрчу адвокато Туганов Фарида дагалоьцу: массех шо хьалха берашна Китайра камера шеца йолу «къолам» эца дагахь, яздина цхьана дас интернете. «Къоламан» метта ФСБ-нера нах кхаьчна иза волчу. «И тайпа гIирс тергонехь кхобу Iедало», боху Тугановс.

Наггахь а ца доьрзу машарца къилбаседа кавказхошна парггIат массанхьа а бухкуш, оьцуш болу «шпионан» гIирс эцча.

Кхечу адвокато, Ахмадов Тимирлана, билгалдоккху, и тайпа гIирс бухкучаьрга Iедало хIумма а ца олуш, дукха хьолахь оьцурш низаме озош хилар.

XS
SM
MD
LG