ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ПохIме Нохчийчоь" киншка арахоьцуш ву оьрсийн академик


Шийтта шо зама яьлла Нохчийчоьнаца зIе а латтош, Краснодар кIоштера зIаьIапан берашна гIо деш йолу хьалха «Инва-Студи» ,ткъа хIинца «Инва-Академи» цIе йолу цхьаьнакхетаралла болх беш йолу.

Цигахь суртдилларан говзаллин гIоьнца берашна – заьIапхошна гIо до дахарехь шайн некъ каро, юкъараллина пайдехьа хила. И «Инва-Академи» кхоьлличхьана а цуьнан хьаькам ву, Нохчийчохь ТIехьа-Мартан тIехь вина а, бералла дIаехьна а волу академик Галкин Николай.

Шена чуьра дуьйна а мохк а, къам девзаш хиларе терра, цу Iилманчо язйина «ПохIме Нохчийчоь» киншка зорбане йолуш ю тIебогIучу Гезгмашин- баттахь Москох. Цунах, Галкин Николайс шена хьалха хIоттийначу Iалашонах къамел хилла тхан кху деношкахь академик Iилманан гулам-конференцехь дакъалаца Нохчийчу веъна волуш.

Галкин: "Со ТIехьа-МартантIехь вина ву. Суна цхьана агIор хийра дац нохчийн къам а, гIиллакхаш а. ХIинцца Москох зорбане йолуш сан «ПохIме Нохчийчоь» цIе йолу киншка. Со хIун ала гIоьртина? Суна дика девза нохчийн Iадат-гIиллакхаш а, ламасташ а, коьрта низамаш а. Уьш цадевзарш а, ца хууш берш а дукха бу. И санначара шайн гу буьххьера, шайна ма хеттара кхетадо вайнехан гIиллакхаш а, цуран шатайпаналла а. И нийса дац.

Цул сов ас нохчийн дахаран дIахIотта, тIукхуьу чкъор кхетош-кхиор гойту чуьра дуьйна. Нохчашлахь масал эца тарлуш, дика хIумнаш дукха ду. Жоьпалла а долуш, кхуьу нохчийн бераш. Царна кегий долуш дуьйна а хаьа шаьш юкъараллина хьалха декхаре дуйла".

Маршо Радио: Къам а, мохк а дийцарехь а доцуш девзаш хиларе терра хьуна-м атта хилла хила деза Iалашоне кхача?

Галкин: "Дара дар-кх! Суна кхето а, дуьхе кхиа атта ма дара! Суна довза ма девза нохчийн гIиллакхаш а, цхьанхьа яздина доцу шатайпа низамаш а, церан шайн доьзалера дуьйна схьадогIу ламасташ а. Суна вайнехан менталитет, шатайпаналла евза, айса хIун дуьйцу а хаьа. И сайна хуург оьрсийн а, кхечерана кхетаме дижо гIоьртина со".

Маршо Радио: Жаргин цIаре хьаьжча ахь хьенах, стенах дуьйцу хаа хала хуьлчух тера а ма дац?

Галкин: "МогIарерчу нахах дуьйцу ас. Берех, кхиазхойх дуьйцу. Уьш бу-кх сан турпалхой. Сайна гинарг а, хиънарг а ду ас Iорадоккхург. Сан бIаьргашна ган а гуш, гIаьттина Соьлжа-гIала хьакълагIашкахь (руинашкахь) Iуьллуш йолу. Ган а гуш деньелла Нохчийчохь. И денлур ю, оццул сиха «гIоттур» а ю аьлла,тешаш берш дукха ма бацара".

Соьца къамел динчу академикна Галкин Николайна хетарехь тIейогIучу ханна, и тIаьхьло а йолуш къаьмнашлахь барт-машар чIагIбарехь, вовшийн кхетарехь вуно мехалла йолуш ду, уьш вовшийн юххера довзар, хIора къоман шатайпаналла, гIиллакх-Iадаташ кхето гIортар.

ТIаккхий бен хуьлийла дац боху Галкин Николайсь вовшех дашар а, вовшийн лерам бар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG