ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Интеллигенцино урамаш а цIандеш, кхечара уьш бех а деш...


МаьхькIамхоша шайггара кхоьллина, юкъадаьккхина ламаст ду Нохчийчохь Iедалан балхахь мел болучаьрга доцу декхарш кхочушдайтар. Царех уггар даьржинчех цхьаъ ду хьехархой, лоьраш, хьехамчаш, социалан декъан белхахой урамаш битамеа далош, Iалам хаздан арабахар.


Довха денош дахкарций урамашкахь, некъашкахь цIано еш, маса хьийза хьехархой а, лоьраш а, кхиболу Iедалан гIуллакхъхой а.

Массо вола а воьлла, могIарера гIуллакх ду махкахь, чIурам тIоьрмигаш кара а лоций, хьехархой, лоьраш, берийн бошмашкара хьехамчаш, кхиболу социалан декъехь хьаш-дезарш луьсту белхахой, нехех, кхеллех урамаш, некъаш дIацIандан арабовлар.

Ма –дарра аьлча-мма, арабаьхна бу уьш, цIано ян декхарийла а бина. Наха шаьш даре дарца ярташкахь, Iедалан балхахь къахьоьгуш мел болчу бахархошна тIедиллина юртдайн аьллар-лаам дахаре берзор.

Шайн доцу декхарш интеллигенцига кхочушдойту цхьаъ, шиъ шо хилла а Iац. Ял йоцу белхаш а дойтуш, шайна ахчанаш схьаоьцуш-м бац те цхьаболу хьаькамаш аьлла шеко кхобурш а бу хьехархошлахь а, лоьрашлахь а. Иштачех ю Новр-ГIалин кIоштера лахарчу классан хьехархо Майнат а.

Майнат: «Некъан бохалла Iохку дуьнентIе мел йолу нехаш: ду шишанаш, чIурам-тIоьрмигаш, кехатан беттанаш, кхийолу боьха мел йолу хIуманаш схьалехьийна ца Iа тхо. Диттийн гонаш оха охку, царна а, керташна а сир –кир а оха до… Оха бечу белхийн чот-хьесап дан тхо доьлча, дукха ахча хуьлу иза… Оцу хьаькамаша и шайна схьа-м ца оьцу те аьлла а хета, хаам- хаац...».

Хьашт-дезарш луьстучу урхаллехь Iаьржа белхалой олу къинхьегамхой долучуха, шаьш дIа дола а доьлла, атта до хIинца-м цIанонан белхаш боху, ца лаахь а лууш санна къахьогучех цхьаболчу бахархоша. Гуттар а царна новкъадогIург ду цIано йина кхо-диъ де доллушехь, юха а урамашкахь а, некъашца а изза нехаш гар.

КIадбоцчу бахьаненна хийла бехк боцу некъахо саца а вой, лан даккха санна хьийзаво некъа низам лардечу а, ца лардечу а полисхоша. Некъаца оьзда воцург лаца хьовса безар-кх, царна детта дезар-кх оцу Оьрсийчохь кхайкхийна долу и гIуданаш. Ишта хьажам бу Теркйистерчу хьехархочун Маретан.

Марет: «Арахь йохлушшехь, массо некъ, урам хаза, дIахьаьжа юьхькIам а болуш, бIаьрг белош, дIацIандина оха. Ахь дIа букъ туххушехь, йоккха юкъ ялале, юха а бехйина карадо некъаш а… Машенашкахь леларш божарий ма бу. Церан йижарий, наной ма бу и цIано йийраш. Полицин белхалой юкъа а ийзийна, доладайта, терго яйта езар-кх некъийн а, урамийн а, садоIучу меттигийн а».

Бакъ а долуш, Нохчийчохь хаддаза дIахьош ду цIанонан белхаш. Масала, цу декъехь, Нохчийчуьрчу хьолаца дуста а ца догIуш, нехийн къорзалгех доьттина хуьлу луларчу ГIалгIайчоьнан я ХIирийн мехкан некъийн агIонаш. Бакъду уьш цIандеш латтахь а, машенаш тIехь леларш хIумма а саготта бац цIано ларьярна. Къаьсттина дастаме, оьзда боцуш лела кегийрхой.

XS
SM
MD
LG