ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Тхо къен, миска нах ду, цундела хIаллакдина тхан бераш"


please wait

No media source currently available

0:00 0:04:58 0:00
Линкана тIе

Ницкъаллийн структурийн белхахоша герз диттина, цкъа вен а вийна, цул тIаьхьа тIемалойн барзакъ а доьхна, гIаттамхой бара уьш аьлла, дIахьебинчу Дагестанерчу ГасангусейновгIеран вежарийн гIуллакх луьстучу адвокатийн балхана дуьхьало йо Iедало

Шина вешийн да-нана лерина ду адамийн бакъонашкахула йолчу Еврокхеле дала.

Шайх доглозучийн гIоьнца шинан кIентан Набин, Гасангусейнан цIарах бакъонашларъяран юкъаралла кхолла а Iалашо ю церан, тIейогIучу хенахь, шайга хIоттийначу хьоле кхочуболчарна гIодархьама.

Шаьш дехачу Дагестанан Шемалан кIоштарчу Гоор-ХIиндах эвлана гена доццуш полисхоша вийнера дахначу шеран аьхка 19 шо долу Гасангусейн а, 17 шо долу Наби а.

ХIетахь ницкъахоша даржийра, шаьш байинарш тIемалой бара аьлла. Церан версица, шина кIанта тIелатар динера царна, цундела дуьхьалоеш, герз диттина вийра шаьш и шиъ аьлла.

Ши ваша ваьхначу юьртарчу наха цхьабоса арабевлла дуьхьалонан акцеш дIаяьхьира, цара дукха тоьшаллаш далийра, ши кIант цхьанна а агIор тIемалошца возуш цахиларх.

ТIаккха дийзира полисхойн ши ваша зуламхо хиларан кхин керла бехкаш тIеохка: Шемалан кIоштарчу Ассаб эвлара Федералан кхелахо Магомедов Убайдул а церан карах велла, Хебда юьртарчу телевизионан бIов а цушимма эккхийтина, Телетлан школехь цIетеснарг и шиъ ву аьлла.

«Полисхошна шал шера хаьа, и ши кIант хIуманна а бехке цахиллийла»

ХIинжа-гIаларчу бакъонашларъярхойн "Мемориал" тобанан офисехь вовшахтоьхначу пресс-конференцехь вийначу шина кIентан дас Гасангусейнов Муртазалис тидаме ийцира, шайн бераш хIаллакдина кIира даьллачул тIаьхьа, Шемалан кIоштахь кхи а масех стах вийна хилар.

Хьан байина уьш? Полисхой жоп луш бац оцу хаттарна.

"И нах байарна сан ши воI бехке ца хилча, стенна ца боккху царна тIера Iедало бехк", ца кхета шина кIентан да.

ГасангусейновгIеран гергарнаш дукхазза гIиртира, бехк-гунахь доцу ши ваша вийнарш кхеле бала, царна таIзар дайта, амма тахана а цхьалха далаза ду и гIуллакх.

Бехктакхаман гIуллак а 317, 222 лоьмар йолчу шина артиклца бен диллина дац тахана а: (ницкъаллийн структурийн белхахошна тIелатар дарна а, бакъо йоцуш герз лелорна а). Вежаршна ГасангусейновгIарна дуьхьал долийна и гIуллакхаш а.

"Бехк полисхоша шайна тIе ца лоцу хIинца а, дерриг вийначу шина кIантана тIе а тоьттуш Iа. Уьш дика кхета, и ши кIант жа дажош хиллийла а, уьш тIемалой боцийла а", - боху оцу гIуллакхан талламбан вовшахтоьхначу тобан куьйгалхочо Гасанов Джанбулата.

Иштта дуьйцу Гасановс, ши ваша верах талламаш шаьш дIахьочу муьрехь, полисхоша шайн белхан тобанна а, гергарчарна а, адвокаташна а, Гоор-ХIиндах юьртарчу бахархошна а новкъарлонаш ярх а.

Бакъонашларъяран «Мемориал» организацин адвокаташа шайн кара эцна хIинца оцу гIуллакхан талламбар, амма проццессана юкъагIорта ца ло уьш а.

Бакъонашларъярхочо Магомедов Мурада бахарехь, байначу беттан 22-чу дийнахь Дагестанерчу Талламан комитетан 3-чу декъан талламхочуьнга Сафаралиев Баграте дIакхачийна адвокатийн ордераш, вежарийн ГасангусейновгIеран гIуллакхан талламбар шаьш тIелаьцнийла хоуьйтуш кехат а. Амма оцу урхаллера жоп кхаьчна дац хIинца а.

Телефончухула "Мемориалан" белхахошца хиллачу къамелехь, шун аьттехьа а бакъо яц адвокаталла дан, хIунда аьлча, шу доккхачу декъанна ГасангусейновгIеран векалш ду аьлла Сафаралиевс.

«Гасангусейнов Муртазали тешна ву, шайн белхан лаккхара жамIаш гайтархьама, полисхоша харцонца вийна хиларх шен ши кIант»

Магомедов Мурада бакъ ца до Сафаралиевн дIахьедар. "Тхаьш Талламан комитете дахьийтинчу кехатна тIехь оха билгал ца даьккхинера, хьаьнца бина барт. Сафараливс шена хетарг ду аьлларг. Низамехь дац и", боху Магомедовс.

Ткъа вийначу шина кIентан да Гасангусейнов Муртазали тешна ву, шайн белхан лаккхара жамIаш гайтархьама, полисхоша харцонца вийна хиларх шен ши кIант

Цунна дика хаьа, "судья Магомедов Убайдула веран гIуллакх толлучу кIоштан полицина жамIаш оьшуш хиллийла".

Юьхьанца Гасангусейнов Муртазалина хетара, шен ши кIант ларамза вийна, ткъа хIинца-м кхетта иза, цхьана Iалашонца и шиъ винийла.

Дас карладоккху, ши кIант вуьйчу дийнахь, меттигера полисхо цушинца цхьанакхетар а, шина кIантера телефон а яьккхина, цхьанхьа цо телефон тохар а.

"И шиъ волу меттиг билгалйоккхуш хилла иза", боху цо.

Иштта дуьйцу Муртазалис, ши кIант вуьйчу буьйсанна, Шемал кIоштан полисхойн декъан кхаа белхахочо маьждигчохь буьйса яккхарх а.

Гусейнов Муртазалин сабIарзделлачу къамеле ладоьгIучу пресс-конференце баьхкинчаьрга лечкъа ца лора бIаьрхиш.

"Тхо миска, къен нах ду, тхан тайпа-тукхум а ду жима, тхуна тIехIитта нах а бац тхан, цундела дайина тхан бераш", элира цо.

"Полисхой шайн балхаца ларош цахиларна, 8, 11 патарма сан кIентийн дегIех чекхбаьлла,- элира, куьйгаш дIаса а тесна Гасангусейнов Муртазалис. – Царех тIемалой бан гIерта. Ткъа хуьлий гIаттамхой Оьрсийчоьнан байракх бухахь? Массарна а гина-кх, цушиннан жа дажочу меттигерчу цIийнан тIехула кхозу оьрсийн байракх".

XS
SM
MD
LG