Екатеринбургехь гангстерийн ламаст хилла кешнашна хIиттон чурташ вуно беза тIулг лелош кечдеш. Маршо Радион корреспондент Чапли Амос хилира цу гIалан кешнашкахь.
Оьрсийчура "гангстерийн кешнаш"
1
Мехала хIуманаш йолуш диллинчу сурт тIехь ву, гарехь, Уралмаш бандан декъашхо.
2
1990-гIа шераш дуьйлалуш герзаш диттина вийна Уралмаш бандан ши декъашхо.
3
Кешнаш ду Уралмаш олучу бандано 1990-чу шерашкахь Iуналла деш хиллачу Екатеринбурган кIоштахь. Уралмаш цIе йолуш йоккха завод ю Екатеринбургехь.
4
ХIокху кошана хIоттийначу чурт тIехь ду Коьрта Мафи олучу гангстерийн тобан хиллачу хьалханчан Кичин Михаилан, карахь "Мерседес" машенан догIанаш а долуш, диллина сурт.