ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Газ ца хиллехь йиш ца хилла Нохчийчура Iедалан


Нохчийчоь -- Иштта кехаташ кхоьхуьйту сих-сиха Iедалан векалша газ а, ток а яйъарна ахча схьадоьхуш, Соьлж-ГIала, 27Чил2013
Нохчийчоь -- Иштта кехаташ кхоьхуьйту сих-сиха Iедалан векалша газ а, ток а яйъарна ахча схьадоьхуш, Соьлж-ГIала, 27Чил2013

Цхьаболу бахархой суьде а ийзош, ягочу газана ахча охьадилла хьийзош, керла мур болийна Нохчийчохь.

Стохкалерчу шеран тIаьхьарчу баттахь урхаллехь болчара доза тухуш дIахьедар динера 2016-чу шеран хьалхара бутт юккъе бахча ягочу газана бахархой ахча охьадиллина бовла беза аьлла. Цул тIаьхьа бIаьстенан шолгIачу, охана баттахь дIаболийра Iедалехь болчара декхарш тIехь долчу нехан газан биргIанаш дIахедор. Беккъа цхьана официалан хаам бен хьесапе ца эцча,газ йоцуш битинарш вуно дукха бара - 42 эзар сов декхархо.

Чуьра доьзал лерича лаххаре а 200 эзар сов вахархо, (царна юкъахь кIезиг бац гIорасиз баккхийнаш,бераш, лазархой,заьIапхой) битнера йовхонах дIахадийна. Дукха наха даре а деш,тергаме оьцуш ца хилла, Iаламо схьалучу маьIданах хербеш берш ахчанца токхамаш бан ницкъ болуш хилар, цахилар.

Цу хенахь,бIаьстенан юьххьехь дIахедийна газан биргIанаш цхьаболчийн хIинца а тIетийсаза лаьтташ ю. Ма-дарра аьлча нехан боккха лазам а хилла дIахIоьттина кхузахь яго газ. Цунах дуьйцу наха шаьш.

Газан декхарш бахьнехь цхьаберш кхеле ийзош бу. Кху деношкахь суьдехь хилла Новр кIоштера 58 шарера Мовлад а. И ша пенсехь заьIапхо воллушехь,доьзалехь 5 берах кхоъ цомгуш лазарца доллушехь хьийзош ву Мовлад ахча охьадилла бохуш.

Мовлад: «Суьдхочо ахча охьадилла боху-кх. Цхьа Iоо эзар ду суна тIедожийна ахча. Цкъа дIа а хадийна масийтта бутт баьлча тIетесна сан газ. ХIинца суьде а кхайкхина хьийзош ву. Чохь заьIапан бераш ду а эилира. Са м счетчик яцара хIоттийна. Счетчикаш а йолуш,ахча дIа а луш болчеран а мА хедийнера цара. Болх-некъ ца хилча ас мичара ло а бехира».

Мовладца суьдхочунна тIеяхана лелла цуьнан йиша Медна а. Шен вешина орцахъяьлла Тюменан кIоштера еъна иза вуно чIогIа инзарьяьлла ю Нохчийчохь Iедалхоша могIарерчу нахана бечу тIеIаткъамах.

Медана: «Муьлха,хIун низам ду аш юьхьарлоьцург боху ас суьдхочуьнга! Бераш мА ду цуьнан цомгаш. Цуо хIун дан деза? Цуо мичара лур ду шуна ахча,хьажахь цуьнга а бехира. ГIо дан хьожур ю ша-м элира суьдхочо. Цара хIун до а хьаьжна пуркурорана тIегIур ю-кх со. Кххузахь дергга-м тамаше хIума ду.

Уьш бац бан ма беззара шайн болх бан баьхьаш а. Администрацехь а ма хилла со. Сан ваша мел гIийла волу тала комиссии йоуьйтур ю аьлла а кIира зама яьлла. Дала мукъалахь кхин цкъа тIекхочур ю со кIоштан гIантдена…»

Гуьйре тIе а еъна,буьйсанаш шельяла йоьлча,бахархой вуно чIогIа ладегIамехь бара,юха а газ дIаяккхарна кхоьруш. Бакъду, церан ладегIам бакъ карбайта хьайча санна, юха а газ дIахедош, керла мур-тулгIе йолийначух тера ду махкахь.

Цунна къаро йо соьлжагIалахоша а,цхьа могIа кIошташкарчу бахархоша а. Кху тIаьхьарчу шерашкахь дукхахболу бахархой счетчикашама-гайттара газана ахча дIалуш Iаш белахь а,хIунехдинчу шарера дуьйна токхамаш бан беза бохуш,шайна беш болу тIеIаткъам низамаца бIоста нислой хаахь а царна некъ ца карабо шайга кхийдо харцо юхаяккха.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG