Дуккха а тоьшаллаш даьржина коммуналан хьукматаша шаьш нехан газ, серло дIахадочу юкъанна бухарчу доьзалан хьал а ца лоьруш, къиза хьийзаш.
Вотс аппехь кар-кара оьцуш яьржина лела махкарчу баккхий хьаькамашна сужданехь вехачу куьйгалхочо шен белхахошна, уьш адамашца кIеда хиларна дов а деш, муха бан беза болх хьоьхуш.
Халкъалахь оцу хьаькамах Газан Гитлер ала долийна. Видео а кечйина Ютюбехь.
Видео яьржина хан а ялале, нанас дов дина боху шен кIантана, Газан Гитлерна, цо нах хьийзорна реза йоцуш.
Иштта ду Газан Гитлеран дохковалар.