ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Момсар йоцуш, лаьтта Челара маьждиг


Гуьржийчоь -- Чела-эвлара маьждиг иштта дара момсар шен меттахь йолуш.
Гуьржийчоь -- Чела-эвлара маьждиг иштта дара момсар шен меттахь йолуш.

Кху деношкахь Гуьржийчохь маьждиган момсар вовшахяккхар бахьана долуш онда дов иккхина бусулбан а, православин керстан дин а лелочу гуьржашна юкъахь.

Меттигерчу Iедалша ницкъаца дIаяьхьна Самцхе-Джавахети провинцехь Iуьллучу Чела эвларчу маьждиган 21 метар лекха йолу и момсар. И бахьана долуш оьгIазе дуьхьалонан акцеш дIаяьхьна цу хиламо эргIад бахийтинчу бусулбанаша.

И гIулч яьккхинарг яра Гуьржийчоьнан финансийн министраллан ял яккхаран департамент. Цуьнан векалша дийцарехь, церан Iалашо яра момсарш пайда эцна йолу Туркойчура Товбеца-баттахь еана хилла коьчаллаш низамехь махка ярах доьзна хаттар таллар.


Гуьржийчоь - Челана масийтта километр йолчу меттигехь мимар охьаюьллуш ю киралелочу машен тIера. 30Марс2013
Гуьржийчоь - Челана масийтта километр йолчу меттигехь мимар охьаюьллуш ю киралелочу машен тIера. 30Марс2013

Дуьхьалонан акце арабевлла бусулба нах, ткъа ала деза уьш гуьржийн къомах хилар, гIоьртира момсар дIа ца яхьийта. Амма уьш дIасалаьхкира полицино. Цул сов, полицино дIалецира ткъех стаг. Цу хиллачу тасадаларехь маситта стаг лазийра полицино.

Бакъонашларъярхоша а, Гуьржийчоьнан муфтийс Паксадзе Джемала а дIахьедар дира, маьршачу нахана дуьхьал ницкъ баккхар адамийн бакъонаш йохор ду аьлла. Цу хиламо синтем байина бусулба нах митинге гулбелира Аджара-регионан коьртачу гIалахь Батумехь. Царах цхьаммо иштта дийцира шаьш доьхучух лаьцна.

Гуьржийн бусулба стаг: «Оха доьхург ду нийсо меттахIоттор. Оха доьхург ду момсар шен метта дIахIоттор. Оха бусулба юкъаралла къинтIера яккхар доьху и вандализман акт йинчу нахе».

Марсхьокху-беттан 29-чу дийнахь, Тбилисехь таллам бинчул тIаьхьа, момсар юха а Чела-эвла дIаяхьа сацам бира Iедалан векалша. Амма цунна дуьхьал бевллира кхин нах – метигера православин керстанаш. Цара дIакъевлира Чела-эвла боьду некъ, момсар юха юьрта ца яийта. Цул сов, цара дехар дира махкахь момсарш хилар оьшуш ду я уьш ехка еза бохучух лаьцна референдум яхьара аьлла.

Карарчу хенахь момсар Чела-эвлана генайоцуш йолчу складехь ю. Даханчу кIиранахь цу хаттарехь маслаIат лаха цхьаьнакхеттачу бусулба нехан хьалханчаша а, Гуьржийчоьнан Православин Килсан мозгIарша а барт бира иза цкъачунна цигахь йита.


Гуьржийчоь -- Челара маьждиг.
Гуьржийчоь -- Челара маьждиг.
Цу хеннахь Православин Килсо кхайкхам бина махкахошка карзах а ца дуьйлуш, динашна юкъахь дов даккха а ца гIерташ, Iад Iахьара аьлла.

Гуьржийчоьнан Патриархин векало Шарашенидзе Давида иштта элира цуьнах лаьцна.

Шарашенидзе Давид: «Тахана хуьлург динашна юкъахь дов даккха гIертарх тера ду, хаьлха цара Нигвзиани а, Цинцкаро а, Самтацкало а эаланашкахь дина ма хиллара. Цара лелочуьнан Iалашо ю хIуъа а дина а керстан а, бусулбан а махкахой дуьхь-дуьхьал а хIиттийна, цуьнах пайда а эцна, Килсах а, пачхьалкхах а тешам байар».

Шарашенидзес юьйцурш ю стохка Лахьан-баттахь Гурия олучу регионехь бусулбанаш а, керстанаш а ийна бехачу кхаа эвлахь хилла инциденташ. Меттигера керстанаш дуьхьал бевллера бусулбанашна цара могIарерчу цIенох ламаз до чоьнаш йина аьлла.

Иза тамашийна ду, хIунда аьлча Гуьржийчохь бIешерашкахь маьрша бехаш хилла массо а тайпа динаш лело нах. Амма радикалш Исламехь бен ца хуьлу аьлла хетахь, иза бакъ дац, боху Маршо Радион Гуьржийн сервисан редакторо Рохадзе Окропира. Цо дийцарехь, тахана гуьржашна юкъахь а гучубевлла дин лелорна терго ян гIерташ, кочахь жаIарш ю-яц хьоьжуш, нахе бехкаш кхийдош а, церан дахарна юкъагIерташ болу нах.

Амма исторе хьаьжча, Гуьржийчохь цкъа ца хиллера дин бахьана долуш мостагIалла лелош болу нах, Оьрсийчоьнан кара и мохк баххалц бохуш дуьйцу Рохадзе Окропира

Рохадзе Окропир: «Фундаментализм исламехь а хуьлу, керстан динехь а, православехь а хуьлу, кхечу динашкахь а хуьлу ала мегар ду. Проблема, хетарехь, коллаелира Гуьржийчоь Оьрсийчоьнах дIатоьхначул тIаьхьа. ХIунда аьлча, цу хенахь гучуевллира гуьржаша а, оьрсаша а шайн ца лоруш йолу, хьеший санна тIеоьцуш йолу тобанаш.

Цигахь йолало проблема, нагахь ахьа цхьа стаг уггаре а хьалха бусулба иза волуш санна а ца лоруш, тIевеана стаг лоруш хилча, тIехула тIе тIевеана бусулба лоруш хилча муххале а. Схьаоьцур вай аджараш. Уьш гуьржий бу. Амма туркоша дIалаьцна и меттиг еххачу хенахь лаьттина дела уьш бусулба бу, амма гуьржийн вежарий хилла уьш даиман а. Цигахь цхьа а къийсамаш ца хилла».

Чела-эвлахь иккхина дов бахьана долуш дуккха а нахана хиина 4-чу бIешарахь дуьйна керстан дин лелочу Гуьржийчохь дуккха а бусулба нах хиларх лаьцна.

2002-чу шарахь Iедалша дIадаьхьначу бахархой ларарехь Гуьржийчохь вехаш хилла 433 784 бусулба стаг. Вуьшта аьлча, иза 10 процент гергга ю берриг а Гуьржийчура бахархой схьаэцча.

Делахь а цу махкарчу бусулба нехан лидерша чIагIдо карарчу хенахь цу махкахь вехаш 800 00 бусулба стаг ву бохуш.

Гуьржийчоьнан президенто Саакашвили Михаила дукха хан йоцуш элира шайн махкахь вехаш маситта бIе эзар бусулба ву, ткъа кху дуьнентIехь бехаш "масийтта миллион гуьржийн къомах" болу бусулба нах бу аьлла.

Амма Гуьржийчохь беха бусулбанаш дукхачу хьолахь кхечу къаьмнех болу нах бу. Царах уггаре а дукха бу Азербайджанан дозанца йолу ярташкахь беха азербайджанхой. Церан терахь ду 285 эзар ца кхоччуш. Царах цхьаберш шиIаташ бу, ткъа вуьйсуш бу сунниташ.

Гуьржийн къомах болу бусулбанаш шина декъе бекъалуш бу. Царах цхьа дакъа ду Iаьржачу хIурдаца йолчу Туркойчоьнца доза долчу Аджарин бахархой. 2002-чу шарахь церан терахь дара 115 261 стаг.

Челахь болу бусулбанаш цига баха хевшина 1980-чу шарахь цхьацца Iаламан бохамаш хилар бахьана долуш. ШолгIа тоба ю месхеташ. Церан терахь ду лаххара а 3000 стаг. Уьш Сталина махках баьхнера Сталина 1944-чу шарахь. Амма царах цхьа къеззиг нехан а бен аьтто ца белира цIаберза, царна иза дан бакъо елла иттаннаш шераш даьллехь а.

Аджараш а, Кахети-кIоштахь бехаш суьлий а, ПIаьнгаз-чIожера нохчий а, кхин долчу къаьмнийн векалш а бусулба сунниташ бу.

Азербайджанахойн къомах болчу бусулба нахана Iуналла деш ю ала мегар ду а Шейх - уль-ислам Аллахшукюр Пашазаде уоьртехь волу Бакохара Кавказерчу бусулбанийн урхалла. Цуьнан Тбилисехь волу векал ву Алиев Iела. Цул сов, Аджарехь ю муфтият.

«2010-чу шарахь дуьйна цуьнан куьйгалхо, вуьшта аьлча коьрта муфтий ву Паксадзе Джемал. Ши шо хьалха Паксадзе хаьржира Гуьржийчоьнан бусулба урхаллан муфтий. И бахьана долуш цхьаболчара дуьйцу, иза леррина дина ду азербайжанахошна а, гуьржашна а юкъахь цакхетамаш кхоллар Iалашонца бохуш.

ТIаьххьара болчу хаамашца Гуьржийчохь ду 300-390 маьждиг.

Челахь дов иккинчу деношкахь Гуьржийчохь нисвелира Маршо Радион корреспондент Султанов Ахьмад.








Къона аналист Хангошвили Тумиша Гуьржийчурча нохчех ю. Шена дага а догIуш тахана Чела-эвлахь санна сонта барт бохар хилла дацара Гуьржийчохь бохуш дуьйцу цо.



Тахана Гуьржийчохь керстанашна а, бусулбанашна а юкъахь иккхина ца кхетам политикан бахьана долуш хета Маршо Радион Гуьржийн серсиван редакторна Рохадзе Окропирана.

Рохадзе Окропир: «Иза иштта хила мега бохуш дийца мегар ду. Гуьржийчоьнан Килса онда Iаткъам ловш ю Оьрсийчоьнан Килсанера. Вайна хаа Оьрсийчура Килса муха юкъаметтигаш йолуш ю бусулбанашца. Оьрсийчоьнан Килса мелла а шога юкъаметтигаш латтош ю бусулбанашца. Цундела иза цхьа бахьана хила мега хуьлуш долчуьнан».

Челахь хуьлург политикаца дузу Хангошвили Тумишас а.


Цу хеннахь къийсамаш севца бац маьждиган момсаро гIаттийна болу.

Гуьржийчоьнан премьер-министро Иванишвили Бидзинас кху беттан шолагIчу дийнахь комментари йира, Чела-эвлара маьждиган момсар дIаяккхар низамца догIуш дацара аьлла. Динца боьзна кIийсамаш лилхича, юстах а девлла Iа йиш яц Iедалийн, бохуш вара иза.


Гуьржийчоь -- Челара маьждиг.
Гуьржийчоь -- Челара маьждиг.


Иванишвилин дуьхьалонча волчу Гуьржийчоьнан президенто Саакашвили Михаила хьалхо дIахьедар дира, момсар вовшахяккхар бусулба гуьржашна дуьхьал дина долу низам талхор ду аьлла.
XS
SM
MD
LG