ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зурабишвили Саломе ю гуьржийн президент


Паресишвили Мзия​ Оргавелидзе Ираклий, Маршо Радион гуьржийн сервис

Кхаьжнаш дагардина дерраш а. Йозуш йоцчу, ша-шеггара харжамашна юкъаяхначу Зурабишвили Саломегахьа бу 59,52% харжамхой. Цуьнца къовсалуш хиллачу "Цхьааллехь бу ницкъ" цIе йолчу оппозицин партерчу Вашадзе Григолна кхаьчна 40, 48% кхаьжнаш. Иштта бу Гуьржийчоьнан харжамийн комиссин хаам.

Гуьржийчохь харжамийн каппаш дIакъевлинчул тIаьхьа дуьйна а хууш дара жамIаш. «Рустави 2» а, «Имеди» а телекомпанеша йинчу экзитполаша гойтура хьал. Дуккха а мехкашкара баьхкинчу тергамчаша бинчу тидамо а хьоьхура изза сурт – тоьлла хьесап дара "махкара йоцу" гуьржийн эмигрант, зуда-политик Зурабашвили Соломе.

Миллиардеро Иванишвили Бидзинас куьйгалла ден "Гуьржийн сатийсам" парти ю Зурабишвилина президент хIотта аьтто бинарг.

Цунна дуьхьал лаьттинчу кандидато Вашадзе Григола ша сатухур ду жамIаш официалехь дIакхахйккхолц хетарг ца олуш, бохура харжамийн кампани йоьрзуш. Ткъа Иванишвилис баркалла элира шен къоме, шен агIонна тешам баларна.

Шина турехь дIабахара харжамаш. Хьалхарчу декъахьчул а жигара бара харжамхой шолгIачу декъехь. Берраш а, каппашка а бахана, кхаьжнаш теснарш бу ах сов Гуьржийчуьра а, арахьа а беха а харжамхой.

Нах харжамашка кхойкхуш хьийзира дерриг а дийнахь шина а кандидатан гонаш. "Де дика хуьлда! Со Иванишвили Бидзина ву, тахана къастам хуьлу де ду, ма дисалаш цIахь!" – бохуш декара нехан телефонашка кхоьхьуьйтучу меседжехь олигархан аз. "Ма толийталаш харцонца арабевлларш!" – бохура Бидзинас, цIе йоккхуш яцахь а, оппозицин кандидатна тIе IиндагI а дожош.

ЗIе ца йиттира, амма шен Фейсбукехула кхайкхира махкахой Вашадзе президент харжа генарчу Голландехь ваха тIедоьжначу кхечу цхьана лидеро а – президент Iийначул тIаьхьа махкара вада дезначу Саакашвили Михаила.

Де делкъе лесташ дара Вашадзен штабо "гобаьккхина харцонаш лелайо" харжамийн каппашкахь аьлла, орца даьккхича. Амма харцонаш, лелахь, уьш лелориг оппозици ю, шаьш дац, жоп делира "Гуьржийн сатийсамо".

Массех гIалахь а, кIоштахь а жоьлкалла лелийна, я лело гIоьртина, бохуш, аьрзнаш дора харжамашна тIехьожучу юкъархоша.

Масала, "Къоначу юристийн ассоциацино (куьйгалхо Саладзе Сулхьан) дийхира, "лела харцо" бахьанехь Квемо Картли кIоштара цхьа куп дIакъовлар.

"Марнеулерчу 49-чу куьпахь цхьа стаг гучуваьлла массийттаза кхаж таса гIерташ", хаам бора Саладзес.

Амма Тбилисерчу харжамийн коьртачу комиссино тергамза дитира арз.

Цхьацца дар-дацарш лийлира Гурджаанехь, Зугдидехь, Ахалцихехь, Батумехь, коьртачу шахьарахь Тбилисехь а.

Харжамийн каппаш дIакъовла ши сахьт дуьсуш Гуьржийчоьнан полицино даржийра, 11 куьпахь гучуевлла харцонаш талла йолийна, аьлла.

Делахь а, генаевлла, терахьашкахь дукха ю аллал, харжамийн сурт хийццал харцонаш ца хааелла шайна, дIахьедира бакъоларъярхоша.

…Президент хаьржина яьлла Гуьржийчоь. Кавказан гергарчу исторехь дуьххьара зуда ю иза, Францехь эмингрантан доьзалехь кхиина, Европан мехаллашка ларам болу, оццу мехаллашка шен даймохк бига торуш ю аьлла гуьржашна хета политик.

Харжамийн жамIийн могIарахь бу цхьаболчу тергамчаша бен тиамаш а. Цкъа а ца хиллачу кепара беза бара кху харжамийн мах, боху цара – 52 миллион сов лари. Цхьана харжамхочунна кхочу и харж ю Iамеркан президент хоржуш ечул а алсам, яздо прессо. Ткъа дерриг а харжамийн кампанино дайина ахча дагардича – иза 60 миллион лари хуьлу, Гуьржийчоьнан финансаш дикка егийна оцу харжо, боху тергамчаша.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG