ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчоь Атлантикан альянсе дIаоьцуш ю. Маца?


Македони НАТО юкъаоьцуш, Скопие, 12Чил2019
Македони НАТО юкъаоьцуш, Скопие, 12Чил2019

Пересишвили Мзия, "Кавказан аз" ("Эхо Кавказа"), (Маршо Радион гуьржийн сервис)

Гуьржийн пачхьалкхо догдоху Атлантикан тIеман альянсо ша кестта шен декъа схьаэцаре.

Тбилисерчу Iедало а, дерриг а санна къомо а сатуьйсу оцу дийне. Гуьржашна сихха НАТО-н декъабаха марздеш ду деношкахь Европерчу Iамеркан эскарийн баьччас Ходжес Бена "Iамеркан аз" радиона ша еллачу интервьюхь дина дIахьедар. Хан ца йолуьйтуш, рогIерчу саммитехь альянсан декъаяккха еза Гуьржийчоь, элира инарлас.

Ходжесал хьалхо хьахийра гуьржийн гIайгIа Британин а, Цхьаьнатоьхначу Штатийн а администрацийн векалша. Украина а, Гуьржийчоь а Iалашъян еза Оьрсийчоьнан агрессин политиках, элира цара. Ткъа муха тIеоьцу Кремло Тбилиси а, Киев а НАТО-н могIаршка йовла гIерташ хилар – иза хууш ду: цабезамца.

Шен къамелехь Ходжеса боху, дукха бац шена хетарг хетарш НАТО-н урхаллехь, амма ю дозанашца къастаелла йовлаза йолу пачхьалкхаш аьльянсе эцна меттигаш, масала, Германи.

Малхбалера дакъа советан эскарша оккупацехь латточу муьрехь ийцира НАТО-н декъа Германи. Иштта къастаяла тарло аьльянс Гуьржийчоьнца а, аьлла хета Ходжесна.

Амма хууш ду Iамеркарчу инарло масална хьахийна пачхьалкх – Германи – сиха йоцийла Тбилиси альянсе дIаэцийта. Оцу юкъанна, стохка Кавказе еъначу канцлера Меркель Ангелас хастийра Гуьржийчоь Европан мехаллашна тIегIерташ хиларна, емалйира и пачхьалкх дакъошка йоккхуш хьийзина Москох. Амма, маца оьцур ю НАТО-но шена юкъа Гуьржийчоь, олий, шега луш хуьлу хаттар жоп доцуш дуьту Меркела гуттара.

Биггал мел хан оьшу НАТО-на гуьржашца юкъаметтиг тIечIагIъян? Шен пачхьалкхо дерриг а до сихо яйтарархьама, элира Гуьржийчуьрчу Цхьаьнатоьхначу Штатийн векалан декхарш кхочушдечу Уилсон Росса ша Маршо Радиона еллачу интервьюхь.

Хьалха дIагIерта, реформаш чIагIъе, шеко а йоцуш хир ю шун пачхьалкх альянсехь – иштта хьоьху гуьржашна кест-кеста НАТО-н инарла секретара Столтенберга Йенса а. ТIаьххьара дара иза кIира хьалха, Къилбаседа Македони альянсе эцарца доьзна динчу къамелехь. Маца хир ю Гуьржийчоь НАТО-хь – ца хаьа иза Столтенбергна шена а.

Шайн мохк хIинццалц альянсе дIа ца оьцуш латтор гуьржаша дузу политикаца. Кхидолу хьелаш дерраш а – пачхьалкхаллин, тIеман, низамаллин – тоххара кхиийна шаьш аьлла хета царна. Дерриг а дохийнарг Оьрсийчоь ю, цо акхаяьккхина Гуьржийчоьнах Абхази а, Къилба ХIирийчоь а, олу Тбилисехь. Оцу ойланца ву, масала, 2019-гIа шарах "Гуьржийчоь НАТО юкъаяха кечъен шо" аьлла волу гуьржийн тIеман министр Изория Леван а.

Оьрсийчоьно НАТО-н пачхьалкхашна юкъа, церан барт бохош, цим туьйсуш хиларх лаьцна дийцира дукха хан йоццуш Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаро Помпео Майка. Кху деношкахь Венгрин, Словакин, Полшин шахьаршкахула чекхвелира иза. Iалашо яра Европан Малхбале а, Малхбузе а Оьрсийчоьно (иштта Китайно) туьйсучу питанех Iалашъяр.

" НАТО-но цхьаьнабоьзначу доттагIашна юкъа Путине цим тийсийта мегар дац", - дIахьедира Будапештехь Помпеос.

Оьрсийчоьнан политикан агрессина духьалхIитта шен пачхьалкхан доттагIашка дийхира Британин тIеман министро Уилямсон Гэвина а деношкахь Лондонехь эскархойн институтехь къамел деш.

Гуьржийчоь, Украина альянсе дIаэца еза дуккхаза а баьхна Малхбалерчу лидерша, амма мегар дац хенал хьалха когара мачаш яха, билгалдоккху дуьненан проблемийн эксперт волчу Гобронидзе Георгийс.

Цхьаьнатоьхнаячу Штатийн пачхьалкхан секретар Ромпео Майк Будапештехь, 11Чил2019
Цхьаьнатоьхнаячу Штатийн пачхьалкхан секретар Ромпео Майк Будапештехь, 11Чил2019

"Оьрсийчоьно питанаш алсам мел туьйсу, гуьржашкахьа хир ю НАТО. Цу тIе, Iаьржа ХIордан йистошца, хишца кхерамзалла лаьттийла альянсна а лаьа. Европера мехкаш ца теша Оьрсийчоьнах, царна ца го иза шайн доттагIийн могIарахь. Цундела Гуьржийчоь НАТО-н декъашхо хилар пайде ду Малхбузенна. Делахь а, рогIерчу саммите вай кхойкхур ду бохург – иза тIех майра сатийсам бу", элира Гобронидзес.

Карара шо довш Лондонехь хир ю саммит. И хан тIекхачале къадъяла тарло европахойн дегнашна хилла вас – Iаьмеркан президента Трампа 2018 гIо довш Германех элира "Оьрсийчоьно закъалте эцна мохк". Берлин "Северный поток-2" ("Къилбаседан тулгIе-2") олу Оьрсийчоьнан газан биргIа Европе йита гIертар иштта емалдира Трампа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG