ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гериханова Амина Оьрсийчоьне дIалуш сацамбина Румынерчу кхело


Гериханова Амина шен кIантаца
Гериханова Амина шен кIантаца

Украинера 36 шо долу нохчо Гериханова Амина дIайехначу Оьрсийчоьнан дехар кхочушдеш сацамбина Сучава (Румыния) гIалин кхело. Бина сацам къовса а, мухIажаран статус еха а Iалашо ю цуьнан.

Цунах лаьцна дийцина Кавказ.Реалиига цуьнан кIентан деден вашас Бахарчиев Амрудис, карарчу заманчохь цуьнан Iуналлехь ву Аминин бархI шо долу кIант.

"Оцу сацамна лакхарчу инстанцига дина арз ду, цундела кхело Амина лаьцна юьту хан кхин а 30 денна дIаяхйина. Иштта Румынин миграцин хьукмато дийцарш дийр ду цуьнца политикан тховкIело яларехь. Охан-беттан 19-чохь хир ду дийцарш", - дийцина Бахарчиевс.

Къамелдинчо билгалдаьккхира, Гериханована депортаци ечу сацамна апелляци яр дIахьура ду Бухарестехь аьлла, амма де къастийна дац.

Нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" (Швеци) ассоциацино дIахьедира, Украинан президентан офисо "дош делла Гериханова Амина шен кIантаца тIелаца а, цкъанцкъа депортаци йа экстрадици ечу кхерамна хьалха иза ца хIоттон" а.

  • МухIажарийн декъехь Украинера дIайоьдучу юкъанна Румынин дозанехь дIалецира 36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин корреспонденте дийцира "Вайфонд" цхьанакхетараллехь. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажир бехкейина Шеман тIамехь дакъалацарна. Пхи шо гергга хан ю Гериханова Нохчийчуьра дIаяхна, Киевехь ехаш яра иза. Цуьнан гергарчарна бакъонан гIо латтош ю нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" организаци.
  • Румынин Сучава гIаларчу кхело Зазадокху-беттан 25-чохь баттана дIаяхйира Нохчийчуьра яхархо Гериханова Амина чохь латтон хан. Гергарнаш а, иза евза-езарш а тешна бу, бакъо йоцуш вовшахтоьхначу юкъараллашца цуьнан уьйраш хилла яц аьлла.
  • Зазадокху-беттан 23-чохь Асвтрин коьртачу гIалахь Румынин векалтана хьалха дуккха а нах вовшахкхетта, пикет дIаяьхьира Гериханова Аминина экстрадици ярна дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG