ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гериханова Аминина экстрадици ярна дуьхьал Лондонерчу Румынин векалтна хьалха пикет дIаяьхьна


Лондонерчу Румынин векалтна хьалха блогер а, жигархо а Iабдул-Малик
Лондонерчу Румынин векалтна хьалха блогер а, жигархо а Iабдул-Малик

Нохчо Гериханова Амина Оьрсийчоьне дIаяларна дуьхьал пикет хIоттийнера Лондонехь Румынин векалтна хьалха. Оппозицин нохчийн блогер, жигархо Iабдул-Малик вара иза дIаяьхьнарг.

"Ас доьхург – Гериханова Аминина маршо а, цунна Оьрсийчу экстрадици яр сацор а ду. Интерполон лехамашкара а дIаяккха еза иза. Оьрсийчоь – бехк боцу нах бойу, шаьш дуьхьалдохучу гIуллакхашна тIехула уьш набахте хьийсон зуламан пачхьалкх ю", - дIахьедина Iабдул-Малика Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.

Векалтна хьалха хIоттийначу хIолламна тIе яржийра цо, волонтераша кечйина, Гериханова Аминин маршонехьа къайсаман логотип а, иштта плакаташ а. Пикет дIахьочу меттигехь дIайиттина къобалъязчу Нохчийчоьнан Ичкерия Республикан а, Украинан а байракхаш а цхьаьна яра.

Кхул хьалха а Нохчийчуьра яхархо Румынин Iедалхоша Оьрсийчу дIахьажорна дуьхьал пикет хIоттийнера Iабдул-Малика, кхин дIа а Европерчу Iедалхойн кху историна тIе тидам озош, иштта акцеш дIаяхьа лерина ву иза.

Гериханова Аминигахьа хьалхо акциш дIаяьхьира шведахойн Векше гIалахь, Ослохь, Лондонехь, Дублинехь, Страсбургехь, Венехь, иштта кхин йолчу гIаланашкахь а.

  • Стигалкъекъа-беттан 9-хь бакъоларъяран Amnesty International организацига Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелера тIечIагIдар кхечира, нохчочун Гериханован кхерамазаллица доьзна 39-гIа бакъонах пайда эцна, аьлла. Оьрсийчоьнан дехарца Румынин Iедало Гериханован экстрадици йар сацийна Товбецан-бутт юккъе кхачалц.
  • Кавказ.Реалиино хаам ма-барра, Зазадоккху-беттан I3-хь Украинера дIайоьдучу юкъанна Румынин дозанехь дIалецира 36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажар бехкейина Шеман тIамехь дакъалацарна. Пхи шо хьалха Нохчийчуьра дIаяхна Гериханова, Киевехь ехаш яра иза. Цуьнан гергарнаш а, иза евза-езарш а тешна бу, бакъо йоцуш вовшахтоьхначу юкъараллаца цуьнан гIуллакх деана дац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG