Нохчийчуьра Гериханова Аминина агIо лоцуш митинг хIоттийна Берлин гIалана юккъехь. Барам вовшахтоьхначара Румынин векалтне кхайкхаман кехат кховдийна, Оьрсийчу экстрадици ярх Гериханова ларъе, иштта цунна мухIажаран статус а ло аьлла.
Митингехь 50 гергга стаг гулвелира, цуьнан декъашхой лаьттара "Оьрсийчоь – зуламан импери", "Оьрсийчоь Интерполан декъашхо хилар сацаде", "Адамийн бакъонехьа прецедент", "Амина кIелхьара яккха", иштта кхиндолу плакаташца. Къамелаца вистхилира нохчийн оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон ваша, бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацин Германера векал Абдурахманов Мохьмад, дийцина Кавказ.Реалиига барам вовшахтоьхна болчу "Европерчу нохчийн ассоциацин" Германерчу векалша.
"Румынхойн Iедало тIелаца ца деза экстрадицин хьокъехь долу арз, дуьненаюкъара кхерамазалла латтон еза. Доьху, мел-оьшург леладе, цунна Оьрсийчу экстрадици ца яйта а, цхьайолчу Европан пачхьалкхехь тховкIело яла аьтто хилийта а", - яздина ду румынхойн Iедале бинчу кхайкхамехь.
36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина лецира Зазадокху-беттан 13-чохь шен жимачу бераца Румыница долчу дозанехь Украинера араяла гIертачу хенахь. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажар бехкейо Шеман дозана тIехь боьлхучу тIемашкахь дакъалацарна. Пхи шо гергга хьалха Нохчийчуьра дIаяхара Гериханова, цул тIаьхьа Киевехь ехира иза. Румынехь иза дIалецира, цуьнан кIант берийн цIийне хьажийра – тIаьхьо цуьнан гергарчу стага дIавигира иза цигара.
Мангал-беттан 7-хь Румынера кхел реза ца хилла нохчийн зудчунна Гериханова Аминина тховкIело яла – миграцин сервисан сацамна цо бина латкъам тIе ца лаьцна. Апелляцин инстанцехь иза къовса дагахь ю Гериханова.
- Аминина экстрадици ярна дуьхьал къуьйсуш волчу цуьнан кIентан деден вашас Бахарчиев Амруддис Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь дийцира Гериханова Аминех лаьцна, хаийтира Нохчийчохь цунна мича бахьанашца тIаьхьабевллера а, шена хетарехь, Румынин Iедалхошна цунна тховкIело яла стенна ца лаьа а.
- Румынин дозанехь дуьххьара дIалацар дац иза – Чиллан-беттан чакхенера дуьйна Къилбаседа Кавказера схьабевллачу Оьрсийчоьнан бахархоша меттигерчу миграцин сервисо къоман а, динан а тIехула дискриминаци йарна сих-сиха латкъамаш до. Бакъоларъярхоша бахарехь, уггар чIогIа нохчех хьакхделла иза: уьш дIалаца мега, йа депортаци йан мега, официалехь къайлахчу сервисийн лехамашкахь уьш бацахь а, ткъа Румынех транзитаца чекхбовлуш балахь а.