ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германерчу лоьраша Нохчийчохь операцеш йина 80 берана


Нохчийчоь - Нохчийчохь лоьраша дарбадо берашна, 2013-гIа шо
Нохчийчоь - Нохчийчохь лоьраша дарбадо берашна, 2013-гIа шо

Гуманитарни акце Нохчийчохь дIаяьхьна “Интерплатс-Германи” вовшахтохаралло. Профессор Борш Андре коьртехь а волуш, Германера тоьлла хирургаш а, ассистенташ а, анастезиологаш а баьхкина Нохчийчу. Цара Нохчийчохь 80 къона пациентана гIодина Нохчийчуьрчу Республикан дарбанхIусамехь. Диагностик йеш а, цомгушберш хоржуш а, малхабузерчу лоьраша юкъауьйзира меттигера лоьраш а, лоьрийн инстутан дешархой а.

Ала догIу, цу берашна махкал арахь дарба дан лаха дезар дара, немцойн лоьраш Нохчийчу ца кхаьчнехьара. 3 Нохчийчуьра къона дархо Германи вига везар ву кхиндIа а дарба дан.

Билгалдаккха деза, дуьххьара 2007-чу шарахь Нохчийчу веанчу профессор Боршес Соьлжа-ГIала ца евззал хийца а елла, ткъа меттигера дарбанхIусамашкахь болу медицинан гIирс Европерчул оьшуш бац элира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG