ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Интерполо лехамашкара дIаваьккхина Германехь лаьцна Нохчийчуьра мухIажар


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

"Вайфонд" бакъоларъяран организацин аьтто баьлла Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка велла хилла Нохчийчуьра мухIажар дIаваккха, цуьнан цIе кхерамзалла ларъеш йоккхуш яц. Файлашна тIехь терго латточу Интерполон комиссино тIечIагIдина, Оьрсийчоьнан дехар кхочушдан йиш йоцург ду аьлла.

Кавказ.Реалиина "Вайфондехь" хаамбарца, юристаша Интерполе кхетош хьажийнера кехат – Нохчийчоьнан вахархочунна политикан тховкIело йелла, ткъа дуьненаюкъарчу а, къоман а низамашца а догIуш, цхьана а организацино мухIажарш дIабала безаш бац аьлла.

Интерполон базера дIадаьккхина Нохчийчуьра мухIажаран карточка. Оцу юкъанна, Кавказ.Реалиига аьлла "Вайфондан" векалша, мухIажар кхерамзаллехь ву бохург дац иза аьлла.

"Шайн къаьмнийн базашка дIаоьцуш ю кхечу пачхьалкхаша Интерполон информаци, царна моттадала тарло,иза хIинца а лехамашкахь ву аьлла. Кхечу пачхьалкхашкарчу бакъоларъяран органаша хIун дийр ду- хууш дац, хIунда аьлча, Евробертан массо а пачхьалкхаш яц оцу хаттарехь шаьш адеквате гойтуш. SIS-хь (Шенгенан информацин система, цу тIехь хуьлу лехамашкахь болчех хаамаш. – Редакцин билгалдаккхар), вуьсуш ву мухIажар, цига а арз дахьийта дезаш ду оха",- билгаолдаьккхира нохчийн бакъоларъярхоша.

"Вайфондехь" тIетуьйхира, иза базехь волчу юкъанна, кхечу Евробертан пачхьалкхаша сецор ву мухIажар, тарло набахте хьажон, йа миграцин статус йолчу Австри юхавахийта.

  • Украинехь тIом болабелчхьана дукха нисделла Европерчу пачхьалкхашкахь бехачу нохчашна дуьхьало еш, йа депортаци еш меттигаш. Доккхачу декъанна Къилбаседа Кавказерчу бахархоша латкъамаш бо кест-кеста къоман а, динан а билгалонашца дискриминаци лелайо шайца румынхойн миграцин хьукматаша бохуш. Бакъоларъярхойн хаамашца, къаьсттина хьакхало и нохчех: йа депортаци йо царна, йа лоьцу уьш, официалехь къайлахчу сервисийн лехамашкахь бацахь а, ткъа Румынехула дехьабовлу уьш транзитехула.
  • Хьалхо Интерполон комиссино дуьненаюкъарчу лехамашкара дIаваьккхира Дагестанан вахархо а, Нохчийчуьра шиъ а уьш Оьрсийчоьно бехкебинера бакъо йоцуш, герзашца вовшахйиттинчу тобанашлахь дакъалаьцна бу аьлла. Церан массеран а мухIажаран статусаш яра Евросоюзехь а, Британехь а.
  • 36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина лецира Зазадокху-беттан 13-чохь шен жимачу бераца Румыница долчу дозанехь Украинера араяла гIертачу хенахь. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажар бехкейо Шеман дозана тIехь боьлхучу тIемашкахь дакъалацарна. Пхи шо гергга хьалха Нохчийчуьра дIаяхара Гериханова, цул тIаьхьа Киевехь ехира иза. Румынехь иза дIалецира, цуьнан кIант берийн цIийне хьажийра – тIаьхьо цуьнан гергарчу стага дIавигира иза цигара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG