ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германехь синагогина тIелатар кечдарна бехке хетта волу нохчо бехказаваьккхина


Немцойн криминалан полици (гайтаман сурт)
Немцойн криминалан полици (гайтаман сурт)

Нохчийчуьра Байсагуров Зелимханан цIарах Германехь кечдан долийна бехктакхаман гIуллакх сацийна. Цигарчу Iедалан шеконаш йара, 2020-чу шарахь Байсагуровс Берлинерчу синагогина тIелатар дан кечам барх. Иза дуьйцу "Вайфонд" нохчийн бакъоларйархойн цхьаьнакхетаралло.

2020-чу шарахь дечкен-беттан 14-хь Берлинерчу синагогина зулам дан кечбеллачарех тера хетта, Нохчийчуьра йалх вахархо дIалецира. Цуьнан бахьана кегийрхойх цхьаннан телефон теллича, полисхошна карийна тоьшаллаш дара, аьлла дийцира Германерчу зорбанаша.

ДIалаьцнарш берриге дIахийцира. Амма Байсагуровн гIуллакх пачхьалкхан прокуратурехь масех шарахь толлуш, латтийра.

  • 2020-чу шеран дечкен-баттахь нохчийн Vayfond бакъонашларйархойн ассоциацино дIахьедира,Германин Iедалхошка ма-хуьллу сиха цу берашна долийна гIуллакхаш совцадойтур ду шаьш, уьш а, церан нах а къинтIерабохуьйтур бу аьлла. Цул совнах, къаьмнашлахь питанаш лелорхьама и дерриге долийнарг жоьпе кхойкхур ву шаьш, бохуш.
  • Нохчийн мухIажаран Гериханова Аминин гIуллакх Шенгенан хаамийн (SIS)-гIирсо шен агIонашкара дIадаьккхина. Хьалхо Интерполо лехарна Германехь сацайан тарлора иза. ХIинца Гериханова Iедало лохуш йац.
  • Хорватехь иттанаш нохчий дIалаьцна аьлла хаам хилира гIадужу-беттан йуьххьехь. Царех цхьаболчарна ницкъ бинера, царна кхерамаш тийсинера, уьш дастаме къамелаш деш, хьийзийнера, дийцира Европерчу нохчийн цхьаьнакхетараллин ("Ассамблея чеченцев Европы") векало Дадуев Iийсас.
  • Нохчийчохь военкомате кхойкхуш кехаташ деъча, ведда сехьаваьлла ши нохчо а ву Австрерчу депортан набахтехь. Уьш Хорвате йухабахийта кечбеш бу. Цигара Оьрсийчу дIахьажон кхерам лаьтта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG