ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германин Iедалша Оьрсийчоьне дIавелла ГIалгIайчохь лоьхуш хилла тIемало


Германин Iедалша Оьрсийчоьне дIавеллачу стеган цIе ю Гадамаури Хьусен. ГIалгIайчоьнан Iедалша чIагIдарехь, иза ву нохчийн а, гIалгIайн дозанехь йолчу «сунжерчу» тIеман тобанан декъашхо хилла.

Зазадоккху-беттан 23-чу дийнахь Гадамаури дIахьажийна Оьрсийчу. "Регнум" агенталло дийцарехь, иза дуьненаюкъарчу лехамашка веллера ГIалгIайчура полицино 2016-чу шеран Чиллан-баттахь. Таллам дIахьош Гадамаури карийнера Германехь.

Оьрсийчура зорбанан гIирсаша яздарехь, иза ГIалгIайчура тIемалойх дIакхетта хилла 2012-чу шарахь.

Хьажа комменташка (4)

ХIара форум дIакъевлина ю.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG