ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германехь йийначу зудчун бераш цIа дерзийна


Дахначу шеран гурахь Германехь цIийндас йийначу зудчун 5 бер Нохчийчу цIа а далийна, дененан кара дIаделла аьлла, хаамбо РИА Новости агенталло, махкарчу куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIахьедарна тIе а тевжаш.

«Цхьаболчу нехан хаамашца, Германерчу лоьраша мала хьехначу молханаша коьрте лазарш дахкийтинчу стага, ша хIун до а ца хууш йийна шен зуда», аьлла, яздо Кадыровс шен Инстаграмехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG