ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берлин «яьккхина» вайнаха


Германи -- Вайнехан бераш ду охьатохарх леташ "Жима Олимпия - 2012" турнирехь, Берлин, 25Гез2012
Германи -- Вайнехан бераш ду охьатохарх леташ "Жима Олимпия - 2012" турнирехь, Берлин, 25Гез2012

Европехь хьалакхуьучу вайнехан кхиазхошна юкъахь дуккха а бу спортца гергарло лелораш а, спортехь кхиамаш бохурш а. Кху деношкахь Берлинехь дIаяьхьначу маьршачу латарийн турнирехь массех толаман меттиг баьккхина царех цхьаболчара.



«Жима Олимпия - 2012». Иштта цIе яра немцойн коьртачу шахьарахь Берлинехь дIаяхьначу маьршачу латарийн турниран. Цхьаъ санна, пхеа вайнехан къоначу спортхочо толаман меттигаш баьхна цу къовсамехь.

Ялх шарера шийтта шаре кхаччалц хенаш йолу кхиазхой къовсалучу цу турнирехь дакъалоцуш 120 сов спортхо вара йоллучу Германин тоьллачу 14 спортклубо векалвина.

Уггаре а жимачу, 6-8 шерашка бевллачу спортхошна юкъахь шайна тIе хьовсархойн а, жюрин а тидам бохуьйтуш вара ХIамбург-гIаларчу «Роланд-ХIамбург» клубан цIарах леташ волу ши ваша Евлоев Зияддий, Хизаррий.

23 кийла йозаллин категорерчу Зиядан ялх дуьхьалонча вара цу турнирехь. Доьазза тасавала дезна волчу цо кхаа латарехь тушеца толам баьккхира.

ТIаьхьарчу латарехь Евлоев Зияд туркойн махкара орамаш болчу Яльчин Маликца леташ вара, иза цо эша а вира. Ткъа цул ши шо воккха волу цуьнан ваша Хизар 29 кийлане кхаччалц йолчу категорехь леташ вара. Доьазза ша леттачу тассаваларшкахь хIора а шен дуьхьалонча цо хенал хьалха пханаршка вилларца эшийра, цу кепара цIена толам а боккхуш.

Иштта турнирехь толамаш баьхначу вайнехан берашна юккъехь ву Гедаев Аюб а. Шина латарехь эшам боцуш чекхвелира иза. Ткъа 34 килане кхаччалц йолчу категорехь леташ Коьлнера Мурзаев СаIидан исс дуьхьалончех тассавала дийзира. Царех пхи латар цо, хенал хьалха толам а боккхуш, дIадерзийра. Иштта тушеца эшийра СаIида финалехь шеца леташ хилла немцойн спортхо Убельгюн Тим.

Кхин а жимма дакхийрачех, 11-12 шерашка девллачу берашна юкъахь леташ а, дика жамIаш гойтуш а вара Коьлнера Дараев Адам. Ша летта хIора а дуьхьалонча эшош чекхвелира иза, ткъа финалехь Берлинера спортхо Дрегер Себастьян пханаршна тIе вилларца шена хьалхара меттиг Iалаш а йира цо.

Цу кепара, Берлинехь дIаяхьначу «Жима Олимпия» олучу маьршачу латарийн турнирехь толаман пьедестале бевллачу кегийчу спортхойх цхьа доккха дакъа вайнехан къоначу олимпахоша дIалецира, тIейогIучу бакъйолчу Олимпиадашкахь дакъалаца хьакъболчу вайнехан латархойн керла чкъор Европехь хьалакхуьуш хилар а гойтуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG