ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Герзах ларвен гIирс боцуш, амма айфонашца. Муьлхачу барзакъца тIом бо кадыровхоша?


Чалаев Замид, Кадыров Ахьмадан ц1арахчу леринчу полицин полкан куьйгалхо. Пачхьалкхан ТАСС агенталло дIахьедо, хIара сурт Охан-беттан 17-хь Мариуполехь даьккхина хилар
Чалаев Замид, Кадыров Ахьмадан ц1арахчу леринчу полицин полкан куьйгалхо. Пачхьалкхан ТАСС агенталло дIахьедо, хIара сурт Охан-беттан 17-хь Мариуполехь даьккхина хилар

Оьрсийчоьно Украинехь тIеман агресси йолийчхьана Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикера салтий луларчу пачхьалкхан бахархошца тIом бар дуьйцуш кхо бIе гергга видео арахецна. Цара аьтто бина нохчийн тIемалойн духаран а, герзан а мах хадон – регламентаца тIеэцначуьнца къаьсташ ду церан барзакъ. Билгалдаьлла, Американ санкцийн тептаршка баьхначу кадыровхойн командираша дерриг америкхойн хIуманашка гIертар, ткъа церан куьйгкIел болучарна кхочурш гIаряьллачу армин брендийн кIезга мах болу тарйинарш хилар.

Дуьххьара шо дац журналисташа Нохчийчоьнан куьйгалхочун а, цуьнан юххерчу гонера нехан а бедарш тIехь долу 5.11 терахьан тидам беш. 2016-чу шарахь блогеро, урбаниста Варламов Ильяс яздора: "Кху сезонехь нохчашлахь чIогIа яьржина 5.11 Tactical бедарш. Уьш чIогIа онда, тIаьхьало йолуш, лелон атта а, механна еза а ю. Нохчийчохь жигара юхку оцу марках тарйина хIуманаш. Уггара даьржинарш куйнаш ду".

Оцу фирман билгало ю Кадыровн куй тIехь гуш, цуьнан Соьлжа-ГIалахь 2020-чу шеран ГIуран-баттахь даьхначу суьрташ тIехь, иштта нохчийн ницкъахойн суьрташ тIехь а. Нохчийчоьнан муфтийс Кадыровх ма-аллара, "КъурIанан гIуллакххо а, суннат лардархо а" шек вац шен бедар тIера шолгIачу логотипана – шина йиъкIов юкъайиллина нийса агIонаш йолу жаIар.

5.11 – иза гунах хьалавийларан системехь уггара лекха халонан тIегIа ю, иштта Калифорнерчу компанин цIе а ю, дуьххьара цара экстремале садаIар дезачу наханна лерина духарш арахоьцура. Альпинистхойн чIогIа хечеш яьржира эскархошна а, леринчу сервисийн белхахошна а юккъехь. Компанис иштта арахоьцу герзах ларвен гIагIдиллина духар (бронежилет), каранаш, дерриг дуьненахь туьканашкахь эца йиш йолу кхиндолу барзакъ а.

Лелон атта а, бIегIила хиларна дукхачу эскархошна безаме хилла йолу и бренд Украинерчу кадыровхошна тIехь гуш ю. Цара лелораш оригинале бедарш ю, йа махбоцу тарйинарш ю -кхета хала ду. Амма Амарикан санкцешна бухахь волчу Кадыровс а, цуьнан гонерчу наха а америкхойн милитари-хатI лелор ду тидам бахийта хьакъ долуш.

Цхьаъ ах миллион соьмах топ

Украинхойн Punisher тIеман барзакъ духкучу туьканийн зIенан векало (шен цIе ца яккхар дехна цо) Кавказ.Реалиис еллачу интервьюхь тIелоцу: нохчийн политикан телеграмерчу каналехь арахецначу суьрташца а, видеошца а дуьстича, рогIера кадыровхойн доккха дакъа AliExpress туьканара йораха тарйинарш лелош бу, циггара – амуници, зIелатторан гIирс а бу.

"Церан барзакъ тардан мегар ду Украинан хьалхарчарах йоцучу латтанийн батальонаца, лерина операцеш дIахьочу ницкъашца, йа оцу тайпачуьнца юстар маьIна долуш дац. Цхьахболчу командирийн ю жимма еза бедарш, амма уьш дукха бац", - билгалдоккху къамелдечо.

Пачхьалкхан ТАСС агенталло дIахьедо, хIара нохчийн эскархой тIехь болу сурт Охан-беттан 17-хь Мариуполехь даьккхина хилар
Пачхьалкхан ТАСС агенталло дIахьедо, хIара нохчийн эскархой тIехь болу сурт Охан-беттан 17-хь Мариуполехь даьккхина хилар

Эксперто мах хадабо цхьахйолчу видеош тIерачу тактикан барзакъан а, гIирсан а. Иштта, видео тIера Бено цIе йолчу Кадыровс масийтта хесторан посташ йина волу эскархочунна тIехь цунна гира китайхон герзах ларвен гIирс чубуьллу Американ 100 доллар гергга мах болу ботт. Тамашена яра тIехь, тIехье хьалха а йолуш тIейоьхча санна", - билгалдаьккхина къамелдечо.

Мариуполехь яьккхина ю боху видео тIехь (цу тIехь гуш бац дуьхьала тIомбийраш, беккъа герз кхуьйсу нохчийн ницкъахой бу) Кадыров Ахьмадан цIе лелочу МВД-н полкан эскархочо Китайра балистикан шлем лелайо ($300 герга), лергаюхкурш ($500), Калашникован автоматан мукъ ($300), герзан Iалашо ($500).

ГIеххьа беза гIирс бу командираш тIехь болчу видео тIехь – Нохчийчуьрчу Росгвардин урхаллин куьйгалхочунна инарла-майорна Делимханов Шарипанна а, цуьнан хьалхарчу куьйгаметтана, хьалха Кадыровн ницкъаллин блокехула хьалханча хилла волчу, леринчу "Альфа" тобанан белхахо хилла волчу Мартынов Даниилна а тIехь. Езачу хIуманех царна тIехь ю оптикан Iалашо ACOG ($1500), герзан Iалашо а, Американ EoTech компанин оптикан магнифаер гIирс а ($2000), иштта герзах Iалашвечун Crye AVS Plate бот а ($1500). Эпсарех цхьангахь бен гуш яц лергаюхкурш ($500) а, шеца лелон Motorola DP4800 радистанци а ($1000). Иштта къамелдечо билгалйоккху еза, тIаьхьало йолу мачаш а.

Кхин цхьаъ видео ю Мариуполера, оцу тIехь Кадыровн полкерачу белхахочо корера герз кхуьйсу, тIехь тепловизор, оптика йолуш еза топ гойту – ерриг цхьаьна мел-кIезга $20 000 мах болуш ю, амма гIирс а, тактикан барзакъ а гIеххьа дораха ду. Иза ду Китайра шлем ($300 гергга) иштта еза йоцу "горка" (тIелатаран барзакъ). Оцу видеонна комментари еш къамелдечо тIе тидам бохуьйту уьш гайтаме хиларна: дийнахь герз кхуьйсуш тепловизор лелор эрна ду, кхузахь шайн тоьлла болу гIирс гайтархьама дина иза, хетарехь.

TikTok-эскархой

"ТIаьххьарчу 10-15 шерашкахь оьрсийн лерина пайдэцаран тIеман тобанашна арахьара оьцура барзакъан а, кхерамазаллин а чолхе элементаш а, иччархочун тоьпаш а. 2014-гIа шо кхачалц терроризмаца къийсам латторехь шайн агIонча хетара Малхбузенна Оьрсийчоь. Герз эца аьтто хилла а ца Iара оьрсийн – оьрсийн тIеман тобанаша арахьа Iамораш дIахьора", - дагадаийтина украинхойн эскаран, конверсин, герз дIадаккхаран талламан Цетран (Киев) эксперта Левченко Игоря.

Цо билгалдоккху, дуьненаюкъарчу тIеман бакъонийн тIедилларшкахь яздина ду, духаран а, къастаран билгалонийн а цхьнатайпа хилар. Амма зеделларг долчу эскархойн дукхачу хьолехь аьтто хуьлу шайн луург мачаш, гаджеташ, тактикан духар харжа. Делахь а Оьрсийчохь оцу тайпа низамах юхавалар магийна ду куьйгаллица къаьстина йолчу юкъаметтигашкахь йолчу элите тобанашна. Амма дукхахболчу салтеша шайна схьаеллачуьнца тIом бо.

"Лерина барзакъан а, герзан а стандарташ саццанза кхуьуш ю, Оьрсийчоьно цига чу миллиардаш соьмаш хьийсийна. ХIун кхаьчна цунна дуьхьала – тIом боьдучу аренехь гуш ду вайна иза", - билгалдоккху Левченкос.

Нохчийчуьрчу ницкъаллин урхаллаш тоъал хьалха вовшахтоьхна ю, шолгIа тIом чекхбаьлча, амма формалехь бен яц уьш Росгвардина юкъайогIуш. И урхалла Росгвардина Iуналлехь ца хила а тарло, цундела бу церан аьтто шайн луу гIирсаш хержа, тIетоьхна тIеман эксперта.

Цуьнца реза бу аналитикаш а. Иштта, "Московский комсомолец" газетана интервью луш "Калашников" журналан коьртачу редакторо Дегтярев Михаила билгалдоккху:

"Дуьххьара бIаьрго лоцург иза арахьа бина уставехь боцу гIирс бу, иза хила ца беза, йа хила йиш яц Росгвардехь. Масала, оццу активе лергайохкурш а. Шлемийн маркаш йовза, йа уьш евлла меттиг хаа аьтто бац хIиттийначу видеошца, суьрташца, амма кхеташ ду уьш классике варианташ ца хилар. Уьш тайп-тайпана хилар тидаме эцча мукъане а. Ткъа герз, схьагарехь, цаьргахь уставехь тIечIагIдинарг ду. Кадыровн эскархой Украинан латта тIе кхаьчна Калашниковн автоматашца".

Гранатомет чуьра итт кхоссар. МаьIигера схьа а ваьлла Iалашо луьйцуш латтарий?

Иза къера ву, нохчийн тобанаша шайн кхерамазалла ларъеш ца хиларна. Масала, видео тIенисъеллачу меттигашкахь. Дукхачу хьолехь эскархошна тIехь герзах ларвийраш яц, ткъа шлемаш армин кепехь яц. Цо тоьшалла дан мега, уггара чIогIа ларвалар оьшучу тIелатаран операцешкахь кадыровхоша дакъа лоцуш ца хиларна.

"Видео йоху хIусамна тIехьара схьа а эккхий, цхьанхьа гранатомет чуьра тохарш деш, юха иза TikTok чу кхуссу. Гранатомет чуьра итт кхоссар. МаьIигера схьа а ваьлла Iалашо луьйцуш латтарий? Суна хетарехь, муьлххачу эскархочо эр ду, оцу тайпа мостагIо дIалаьцначу хIусамна дуьхьала и маймалш баккъала дIахIиттийча, уьш верриг хIуш санна охьабохкур бара", - дийцина кадыровхойн видеош тIехь вовшашца ца догIучух лаьцна Луганскан кIоштан бахархойн администрацин хьалханчас Гайдай Сергейс.

  • Оьрсийчоьно тIеман агресси йолийчхьана Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана масийттаза кхайкхамбира президенте Путин Владимире спецопераци ма сацайе аьлла, дехар деш. Луьра критика йина цо Украинаца хиллачу дийцаршкахь Оьрсийчоьнан делегацин куьйгалхочо Мединский Владимира динчу дIахьедарна а, тIом болабелча махкара дIавахначу телевизионан белхалочух Ургант Иванах патриот аьллачу Оьрсийчоьнан пресс-секретарна Песков Дмитрийна а.
  • Нохчийн Гуьмса гIалара Украинерчу тIеман тийсадаларшка рогIера "шайн лаамернаш" новкъабевлира. Цигахь йолчу оьрсийн спецназан университетехь кечамаш бина цара, дуьйцу ЧГТРК "Грозный" каналан репортажехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG