ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Новая газетано" йовзийтина Iазапхойн цIераш


Талламан комитете дIакхачийна «Новая газетан» журналисташа Нохчийчуьрчу Iедало Iазапехь бахкош бу бохучу гейн тептар. Оцу тептаршкахь ву 26 стаг. Газетан хаамашца, талламаш дIахьош ву хьалхо шен принципаш бахьанехь цхьана ханна прокуратурера дIаваьккхина латтийна талламча Соболь Игорь.

Хьалхо «Новая Газето» Нохчийчохь 100 гергга стаг лаьцна гомосексуалист ву аьлла, шен агIонтIехь хаамбира.

Цул тIаьхьа зорбано яздора, Устрада-ГIалахь къайлах латтош набахте ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG