ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гей-питанаш а, мемаш яхарна Iазап а. Нохчийчуьра вахархочо Курчалойн РОВД чохь хуьлург дуьйцу


Курчалойн МВД-н декъан белхахой
Курчалойн МВД-н декъан белхахой

Нохчийчоьнан Курчалойн кIоштан вахархочунна тIехь итт дийнахь Iазап а, сийсазалла а лелийна хилла меттигерчу полицин декъехь – интернетехь мемаш а, беламан комментариш а язъяр бу кадыровхошна хьалха цуьнан"бехк". 21 шо долу Асланбек (цIе хийцина ю къамел дечун дехарца. – Редакцин билгалдаккхар) шен ден-ненан хIусамера дIавигира, цунах "пIелг Iуттур бац", аьлла дош а делла. ТIаккха гергарчарна юхавелира иза дегI мел-ду Iаржъелла меттигаш а, тIера яьккхина церг а, накхана чевнаш ярна чолхе садеIар а долуш.

Кавказ.Реалиина еллачу интервьюх Асланбека дийцина, Iазапан конвейер муха болх беш ю, муьлхачу "бехкаша" валаво ОВД чу, Курчлойн полицин декъах меттигерчу божаршна "хила мегачу зуламех уггар вониг" хIунда олу.

"ХIара дерриг лан дезар ду хьан. Дуьххьара Iазап айхьа харжа"

– Хьо дIавигаран бахьана хиллачу суьртех а, комментарех а лаций дийцахьа.

– Бакъдерг аьлча, уьш дегабааме хIумнаш дацара. Билггал цхьана нахах лаьцна дацара иза. Цигахь беламан кепехь дуьйцура, ницкъахо болх бан оьхурш рогIерчу хьолехь цхьа а похIма доцуш хуьлу. Со лачкъийначул тIаьхьа цара шаьш гойтура суна и суьрташ, царна тIехьаьжча гуш дара, аса динарг чот йоцу "зулам" хилар.

– Билггал мемаш бахьанехь хьайна тIаьхь баьхкина хиларх маца кхийтира хьо?

– Уьш тхан кетIа хIиттина дуьххьарчу секондехь. Уьш рогIерчу нехан духарца хиллехь а, хьо кхета, уьш муьлш бу а, хьан дахар хIинца Iункарнехьа доьрзург хиларх а.

Уьш масех машенах баьхкинера со – "кхераме зуламхо" - дIалаца. Да-нана сагаттдан дуьйлира, суна ма етта, тоькаца ма хьийзаве, бохуш корта беттара. Цкъа дуьххьара ларамечу кепехь дара церан къамел, царах коьртачо дош делира, соьх пIелг Iуттур бац, аьлла. ТIаккха со машенан хьалхарчу гIанта тIе охьахаийра – массаргахь Iаьржа "Мерседес" седанаш яра. Тхо хIусамна жимма генадоьвллачу минотехь уьш яххьашкахь хийцабелира, сийсазе къамелаш дан, гIело йан а хIиттира циггахь.

МВД-н керта тхо кхаьчначул тIаьхьа, машен чуьра дIатекхийра со, корта кIажане кхачалц ала мегар долуш сатта а вина. Оцу кертахь масех гIишло ю. МВД-н гIишло чохь, шолгIачу гIат тIаьхь хеттарш дора, Iазап а латтадора. Йиссинчу хенахь ларми чохь латтавора. Иза юххерчу гIишлонна кIелахь яра, агIонерчу лами тIехула чувуссура цига.

1 - Курчлойн кIоштан ОМВД-н гIишло, 2 - лецнарш чохь латточу ларми чу вуьгу лами. Google Maps тIера скриншот.
1 - Курчлойн кIоштан ОМВД-н гIишло, 2 - лецнарш чохь латточу ларми чу вуьгу лами. Google Maps тIера скриншот.

Соьга хеттарш дийраш виъ стаг вара. Суна тIаьхьо хиъна ма-хиллара, цара шайн бакъйолу цIерш ца йохура. Пачхьалкхан хьукматийн рогIерчу белхан чоь чохь хуьлура дерриг. Пенан уллехула гIанташ дара, белхан стол, компьютер, кехаташ чохь латторан шкаф а. КIайн пена тIехь – сурт, лаьттахь – линолеум.

Цара соьга маьхьаршца бен къамел ца дора, коьрте дан йиш йолчарах уггаре вон, маьттазчу дешнашца сийсазвора. Со гуттара инзара ваьккхинарг дара, саццанза со зудчун кепехь хьийзор ву боху кхерамаш. Цхьа лартIахь боцу нах бара уьш, могуш йоцу, галъевллачу ойланашца. Цара хеттарш дора, амма сан жоп мухха делахь а, суна керла ницкъбан бахьанаш кердора царна.

– Хьо полицин декъе схьавалор цхьанне агIор кехатехь билгалдаьккхина дарий?

– Дацара дера. Тхан новкъахь цхьа а хадаран дакъа, йа регистрацин пункт а яцара. Со нисса дIа хеттарш даран чоь чу вигира. Цигахь стоьла тIехь пластмассан хи дIадигаран турба а, травмат яра (юьйцург травматикан тапча ю. – Редакцин билгалдаккхар), тIаккха царах цхьамма шкаф чуьра схьа а эцна, стоьла тIе боьмаша басахь жима чамда охьайиллира. Серий дара цунна тIехь, церан чакхенехь – аьчкан мIерий. Дера со дукха дика кхетара и хIун ю. Царах коьртачо элира: "ХIара дерриг лан дезар ду хьан. Дуьххьара [Iазап] айхьа харжа". Со реза ца хилира харжамехь дакъа лаца.

Со пене дIахIоттийра. Сан телефон чу хьоьжура уьш, цхьана хIуманах суна эхь хетийта гIерташ. ТIаккха лаьтта дIа а вижий, куьйгаш кортана тIехьа дахкар тIедожийра – иза дира аса. Царах уггаре гIора дерг шен ма-хуьллу пластмассан турба етта хIуьттира сан букъа тIе а, когашна тIе а. ГIодаюкъара кIажанашка кхачалц кIарула-Iаьржа меттигаш яра сан. Уьш шина-кхаа баттахь Iийра дIа ца йоьрзуш.

Гуш дара, наха Iазап ловш, мохь хьоькхуш, лазаро уьш сетторо оцу наханна там беш хилар

Цул тIаьхьа со гIанта тIе охьахаийра, дехьа-сехьа шиъ хиира, тIаккха сан пIелгашна тIе мIараш тессира. Беламан кепехь сайн цхьа хьенехан "гIоьнчаш" схьабийцар тIедожадора цара. Уьш буьйлура, сан дийца хIума доцийла шаьш кхеташ хиларна, и дерриг хьал сонта хиларна а. Дуьххьара со вист ца хуьлуш Iара, суна ца хаьара хIун дийца. ТIаккха ток кхин а чIогIа етта йолийча, детта са дацара сан – аса мохь хьоькхура, цхьана муьрехь бIаьргаш чохь кIайн хилира сан.

Оцу ерриг хеначохь уьш цхьаъ юуш бара, шайн юккъехь забарш еш, шайн цхьа планаш юьйцуш бара. Хуьлург царна рогIера хIума дара. Царах уггаре гIора долчо дIахьедира, суна Iазап деш санна там ца хуьлура шена цкъа а, аьлла. ТIаккха юха а коьртах хIума йиттира суна, тIаккха сатта а вина луларчу гIишлон ларми чу вигира.

1 - лецначарга ницкъахойн машенаш юьлуьйту меттиг, 2 - жима рагIу, ларми чу вуьгу лами. ОМВД-н куьйгалхочун Агуев Рустаман дIаяьккхинчу инстаграм-агIонера видео. "Полный ПЦ" канало юха а арахецначу видео тIера скриншот
1 - лецначарга ницкъахойн машенаш юьлуьйту меттиг, 2 - жима рагIу, ларми чу вуьгу лами. ОМВД-н куьйгалхочун Агуев Рустаман дIаяьккхинчу инстаграм-агIонера видео. "Полный ПЦ" канало юха а арахецначу видео тIера скриншот

– Билггал цхьа зуламех жоьпалла хьайна тIелаца а ца бохуш дора хьуна тIехь и Iазап?

– Дуьххьарчу деношкахь дора. Соьга массочу хенахь хоьттура, 1ADAT тобанца цхьа юкъаметтигаш юй сан? ХIора белхахочо, ала мегар долуш, лора соьга и хаттар. Билггал цхьана зуламна къера хилар тIе ца дожийра, амма "хьуна тIекхолла артикл карор ю, 30 шарна набахте хьажо бахьана карор ду", бохуш кхерамаш туьйсура.

Соьга хаам ма-барра, оцу 1ADAT каналана (нохчийн Iедална оппозицехь лаьтта интернетера гIирс. – Редакцин билгалдаккхар) модераци йар сан коча олла гIерташ хиллера. Ала дашна, гуш дара, наханна тIехь Iазап латторо, цара мохь хьекхаро, лазаро уьш сетторо оцу наханна там беш хилар. Царна тIехьаьжча билггала гучудолура иза. Цул сов, цара шаьш схьадуьйцура иза.

Со ларми чуволлале, суна тIера доьхка а, мачийн чимчаргIаш схьадехира – бохура, со ирх ца оллавалийта оьшу иза. Оцу боьхачу "камерехь" дукха лелорна ситтина гоьнаш яра – уггаре вочу хьолехь, ерриг нехан боьхаллаш тIехь а йолуш. Чоьнан юккъехь гIант дара, оцу тIехь деган молханаш, валерьянка, зорхан цхьа молха а дара.

Чоьнан маьIиге оьллина шаршу яра, оцу тIехьа телатан шишнех пайда а оьцуш, шен хьашташ кхочуш дора. Кхин а ши ведар дара: цхьанна чохь хи леладора, важа юьхь-куьйг дуьлуш леладора. Цигара чиркх цкъа а дIа ца бойъура, цундела тхоьл хьалха хиллачара дуьхьала пицца чохь хиллачу гIуткхан кехатца духьал а хIоттийна IиндагI динера дIавуьжучу меттехь. Лармин пена тIехь йоза дара: Яхь дIа ма лолаш.

– Ларми чохь лецначарах кхин цхьа а варий?

– Дуьххьара со цхьалха вара, шолгIачу дийнахь къаьркъа мелла воккха стаг чувалийра. Иза мелла хилар бара цуьнан "бехк". Со стенна лаьцна ву хоьттура цо, сан чевнашка а хьаьжна, со теван гIертара иза, олура: "Цкъа йиттинехь, хIинца кхин хьевийра вац". Суна лаьара цунах теша, амма кхетара со, иза ишта доцийла.

КIоштера божарий кхача тарлочу меттигех уггар вон ю иза. Дакъа санна кешнашка кхачар гIоле хир ду

Кхин а де даьлча ларми чу 35 шо долу стаг а, цуьнца кхоъ кхиазхо а валийра. Ши школахо цуьнан гергара вара, кхолгIаниг церан классехь доьшуш вара. Воккхачо кегийрнаш машен хахка Iамочу юкъанна некъан рейдана тIенисбелла хиллера уьш – машен лелориг кхиазхо хиллера.

Веанна а ницкъ бина хиллера. Цара дийцира, Агуев Рустама [Курчлойн кIоштан РОВД-н куьйгалхочо - Редакцин билгалдаккхар)] йиттина шайна, куьйга тIе кастет а йиллина. Кхиазхошна гайна тIе а, кIедачу дилхана тIе а еттара, царна тIаьхь ларш ца йиссийта. Школахой гуттар чIогIа кхерабелира суна тIера чевнаш гича. Шайна озза хир ду моьттара царна. И церан воккха ваша а, со а уьш тебан хIоьттира.

Тхуна тIе кхин масех стаг валийра 50 сов шераш хир долуш. Уьш а лецнера къаьркъа маларна. Царах цхьаъ цец ваьллера суна тIера чевнаш гича, тIаккха оцу хьукматан белхахошна неIалташ баха вуьйлира иза. Оцу хьоло цхьа дегайовхо кхоьллира сан.

Суна а, соьца камери чохь хиллачарна а хIора денна МВД-н гIишлон шолгIачу гIатт тIе хьала а бохуш, еттара, сийсаз къамелаш дора. РОВД-н кертахь белхахойн машенаш йила дезара тхан. И болх бечу юкъанна а йора цара сийсазе комментареш, иштта сих-сиха шайн самукъа даккхархьама уьш юьлучарна вортана тIе тIара детташ хьийзара уьш. Тхо долчу ларми чу лецна латтораш хьийзо сирла-баьццара барзакъ доьхна нах богIура гуттара а. Массочу хенахь аьлча санна, сийсазечу кепехь дора цара къамел, зударшка санна, уггар дукха олург: "ХIара стенна ялийна кхуза?"

– И сирла-баьццара духар доьхна нах муьлш бара?

– Гэбээрхой – сиха реакци яран Тоба. Оцу хьукматан иерархехь уьш массарал кIелахь бу, хетарехь. Амма церан куц-кепе, леларе хьаьжча иштта ца хетара. Царал лакхарчу даржехь болчара уьш шайн хьалхара идабора, кегийра тIедилларш кхочушдеш хьийзара уьш.

Оцу гэбээрхоша бархIалгIачу дийнахь Агуев Рустамна тIевигира со. Цо дуьххьарчу секондехь, цхьа дош ца олуш, коьртах хIума туьйхира суна. ТIаккха цуьнан диссина жIалеш тIелевтира. Агуев суна хьехамаш бан хIуьттира, тIаккха со реза хуьлура цо бохучунна, кхин агIо ян яцара.

ТIаьхьо гомосексуалан хьежамаш бу, аьлла со бехкеван гIерташ цхьа Iовдал хIуманаш лелийра цара. Сан телефон массочу хенахь цаьргахь яра. Сан массо а аппликаци чохь аса дина дерриг къамелаш дешнера цара, соьгара цхьаъ даккъа гIерташ. Со къайлваьллачул тIаьхьа соьца зIене бовла гIертара сан доттагIий. ТIаккха оцу белхахоша уьш романтикан цхьанакхетаре кхойкхуш эхье кехаташ яздора.

И интригаш хIаллак хилира: шайга кховдийнарг цхьамма тIе ца лецира. Сан телефонерчу къамелех царна дукха дика хаьара со йоIаца зIенехь хилар, царна дукха дика хаьара, тхан биъ бутт баьлча йиллина хан хилар. Амма тIаккха а со оцу хIуманна бехкеван гIертара уьш. Зуда кхин яла ца йира.

– ХIунда ца ялийра?

– Хетарехь, оцу тIаьхьалонех бахьана а хIоьттийна. Со юхавирзича, тхан чуьра зударий, божарий боьлхуш бара. Царна баккъала а моьттура со дийна цIавоьрзур вац. Дуьххьарчу буса суна вуно чIогIа паникан Iаткъам хиллера, кхоччуш са ца даккхалора. БIаьргаш дIакхоьвлича уьш дуьхьал хIуьттура суна. Со цхьаннах ца тешара, сайн гергарчарна а тIаьхь. Цхьанца къамел ца дора, сан аз дайнера, шарахь гергга аравала ца хIуттура со.

Миччахь а царна тIеIотталур волуш санна хетара. Ах шо даьлча доьзалехь суна реза бацара, аса шайца къамелаш ца до, бохуш. И РОВД - кIоштера божарий кхача тарлочу меттигех уггал вониг ю. Цул а вон хIумма а дага ца догIу суна. Дакъа санна кешнашка кхачар гIоле хир ду.

– Цигара аравала муха аьтто белира хьан?

– Цхьа Iаламате нисделлачу хьелашца. Ковидан хан яра иза. Цхьана муьрехь карантинан раж йохийна нах дIагуло болийра, амма уьш дукха ца латтабора – ницкъ а бой, ши де даьлча дIахоьцура. Цхьа а дагахь латто ца гIертара со, нах алсам буьйлура. Меттиг ца тоьара, карантин бахьанехь дукха гIуллакхаш хуьлура белхахойн.

Цул сов, жимма а сан коча хIума олла бахьана ца карийра царна. И дерриг бахьана а хилла дIахийцира со, суна гарехь. Амма со хIинца а церан тидам баран тептарехь ву – хьалхо дIа а лецна, тIаккха маьршбаьхначу нехан цIерш ю цигахь дIаязйина. Уьш сих-сиха "къамелаш дан" дIабуьгу. Дайначу шарахь тхан цIа баьхкина хиллера уьш юха а, амма со кIелхьараваьлла, яхначу аьхка болх бан оьрсин цхьана гIала дIавахарна. ЦIаверза дагахь а вац.

Iазап латторна – Кадыровн орденаш

Курчлойн кIоштан МВД-н декъан коьртехь 2014-чу шарахь дуьйна АгуевгIар бу. 2017-гIа шо кхачалц куьйгалхо Агуев ИсмаьIил хилла, хIинца хьукматан хьалханча ву цуьнан жимахволу ваша Рустам. Дукха чIогIа безамца шайн белхан декхарш кхочушдарна шинна а кадыровхойн Нохчийчоьнан лаккхара совгIат делла – Кадыров Ахьмадан цIарах орден.

"ХIара совгIат хьуна дукха хенахь дуьйна догIуш ду. Тхуна хууш ду ахь [Нохчийчохь] тIемаш долуш а, полицин куьйгалхо волчу хенахь а бина белхаш", - оцу дешнашца республикан куьйгалхочо дайначу кIирнахь дIакховдийра Агуев ИсмаьIиле и совгIат.

Циггахь хIоттийра иза керла кхоьллинчу "Запад-Ахмат" батальонан буьйранча. Иза Кадыров Рамзана анонс йинчу йиъ батальонах цхьаъ ю, цо бахарехь, "къаьсттина нохчийн кIентех" гулйина хир ю уьш. Керла тобанаш кхоллар "кегийрхойн патриоталлин синхаамца доьзна ду", аьлла цо.

Кадыров ИсмаьIила Украинерчу тIамехь дакъа лаьцна, тIаккха республике юхавирзина голана чов а йина. Стигалкъекъа-беттан юьххьехь Северодонецкан кIоштан дозанехь хиллачу тийсдаларшкахь цуьнца лазийра кхин а шиъ ницкъахо.

ХIинцлера Курчлойн кIоштан РОВД-н куьйгалхо Агуев Рустам 2022-чу шарахь дуьйна хилира Кадыровн цIарахчу орденан кавалер – "Iедалан органийн къаьстина белхахо санна". Чиллан-беттан юьххьехь цо ЯнгулбаевгIеран доьзалан "коьртеш тIера а дахий", Соьлжа-ГIала схьада, аьлла кхайкхам бира Европехь бехачу нохчашка. Шайн махкахошна тIаьхьбевлла лела реза боцурш кIиллой бу, аьлла Агуевс.

2020-чу шарахь полицин хьаькамо шен куьйгкIеларчарна тIедиллира, некъан низамаш хедочу нахера машенаш схьа а яхий, цаьрга урамаш цIандайтар. Iарждина кораш хиларна схьаяьхна машенаш дIа а ца луш, "кораш а диллина, малхехь, догIехь латтае", аьлла цо шен белхахошка.

Агуев Рустама камерана хьалха сих-сиха юьхь йоху меттигерчу бахархойн, цаьргара тайп-тайпана "бехкаш" дийларна: мессенджерехь озан хаамаш дIаяздарна, бакъо йоцуш машен лелорна, цхьа муьлхха а психотропан молханаш меларна а.

Ницкъахо иштта гIарваьлла, оппозицин блогерца Халитов Хьасанца телефонехула къамел дечу юкъанна, тIех-сов чурвуьйлуш хабарш дарна. Цигахь Агуевс сийсазво жигархо, вуно боьха, маьттаза мотт ленбо, "да а, ваша а дIатессина ведда", бохуш бехкаш доху.

АгуевгIеран цIийнера божарийн доккха дакъа, церан инстаграмерчу агIонашца дуьстича, Нохчийчуьра тайп-тайпанчу ницкъаллин хьукматашкахь болх беш ду. Курчлойн МВД-н декъан куьйгалхочун шича Агуев Сасламбек ("Качели" цIарца вевзаш волу) "Запад-Ахмат" батальонан декъехь ву, сих-сиха полицин барзакъца, герзаца а суьрташ кхуьссу цо. Цо а лаьцна Украинан дуьхьал баьккхинчу тIамехь дакъа. Некъанхьовзамехь кхелхина волу Сасламбекан ваша – Агуев Саламбек (Джек) – Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан эскархо вара.

Агуев Русланан йишин кIант Икрам а, иштта цуьнан гергарстаг Агуев Джамалай а оцу Курчлойн РОВД-н ГБР-н тобанехь болх беш ву.

Ницкъахоша-АгуевгIара шайн истаграме хIитточу посташца дуьстича, шаьш Оьрсийн Федерацина дина байIат вуно чIогIа лардеш ду цара. Амма гайтаме ду, 2002-чу шарахь оьрсийн эскарша лачкъийна вигира Агуев Рустаман а, ИсмаьIилан ваша – Вахаб. Оцу хенахь дуьйна вайна лоруш ву иза. Хиллачух лаьцна дуьйцу "Нохчийчоь: ТIепаза байначийн IиндагIаш" книган кхолгIачу томехь.

"2002-чу шеран Лахьан-беттан 11-хь Агуев Вахаб шен накъостаца Ставрополера Курчлойн кIоштара Гелганерчу шен цIа вогIуш вара Шела-Ойтара некъа тIехула Волга М-21 такси-машенахь, цаьрца кхин а ши зуда яра. Берриг пассажираш, машен лелорхо а лачкъийра карахь герзаш долу, тIемалойн барзакъ а, мIаьжгаш а йоьхначу оьрсийн эскархоша, с/з Автуринский блокпостана тIекхочуш", - билгалдаьккхина ду книгана тIехь.

Къилбаседа Кавказера тIепаза байначарна леринчу сайтехь Агуев Вахаб "лехамашкахь", аьлла статусца билгалваьккхина ву, тидам бо оппозицин 1ADAT боламо.

Курчлойн МВД-н дакъа Американ финансийн министраллин санкцийн тептаре даьккхина ду саццанза, шогачу кепехь адамийн бакъонаш хьешарна. "Наркотикаш лелийна", аьлла бакъоларъярхочунна, дIакъоьвлинчу "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо хилла волчу Титиев Оюбана дуьхьал харц бехктакхаман гIуллакх доккхуш дакъа лаьцна бу хьукматан белхахой.

***

  • Керстийн моллан хьесапехь кечдина хиллачу Кадыровн сурт бахьанехь 2020-чу шеран Дечкен-баттахь Нохчийчохь 25 меттигера вахархо лачкъийра. РогIера нах лечкъоран тулгIе хилча, дIабигнарш йа полицехь, йа хьаькамийн кабинеташкахь кербо, йа кара ца бо.
  • 2020-чу шеран Товбецан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна инарла-майоран чин делира – ницкъаллин хьукматийн болх дIакхехьарехь "лаккхара эвсаралла" гайтарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG