ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIачунна тоьхна 17 шо хан ца хуьйцуш йитина Москварчу апелляцин кхело


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Апелляцин тIеман кхело хийцам ца беш битина Магасехь ДПС постехь теракт ян кечлуш хилла аьлла, бехке а вина, 17 шо хан тоьхна чувоьллинчу Евлоев Абубакаран латкъам. Цунах лаьцна хаам бо "Кавказский узело".

2019-чу шарахь Гезгмашин-беттан 30-хь гIалгIайн полисхоша чов йинера, кхело къасторца, кехаташ гайта аьлча, урс даьккхина царна тIелатар динчу меттигерчу вахархочунна Евлоевна.

Оханан-беттан 22-хь цунна 17 шо хан кхайкхийра колонехь яккха, ДПС постехь теракт ян гIортарна а, ницкъаллин структурийн белхахой байъа гIортарна а бехке а вина. Евлоев къера хилира ша цхьаьна декъана бехке хиларна.

Евлоевн адвокаташа латкъам бинера цунна кхело бинчу сацамна, амма Москван регионан Апелляцин тIеман кхелан коллегино хийцам боцуш битина Къилбан гонан тIеман кхелан сацам.

Евлоевс а, цуьнан официалан болчу векалша а цкъачунна оцу хьокъехь комментари йина яц.

  • Ростовхь куп тоьхна йолчу Къилбан тIеман гонан суьдо кхушара Дечкен-баттахь 14 шо хан туьйхира луьрча хьелашкахь колонехь яккха Ставрополан махкарчу вахархочунна Профир Александарна. Иза бехке винера криминалан кодексана масех артиклехула, шайна юкъахь терроран тобанан декъашхо хилар а долуш. Талламан версица, теракташ ян дагахь хиллера Профир Курская станицехь, "Джебхат ан-Нусра" тобанна муьтIахь хила чIагIо а йина.
  • Хьалхо хаам бира Къилбан тIеман гонан суьдо Ставрополан махкарчу шина вахархочунна Селманов Ринатана а (17 шо), Менглибаев Русманбетана а (15 шо) хенаш тоьхна хиларх лаьцна. Суьдхоша и шиъ бехке вира терроран тобанехь хиларна а, теракт ярна а, оьккхуьйрг кечъярна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG