ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь 2020-чу шарахь лерринчу операцехь байинчийн декъий дIаделла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалгIайчохь байинчу вежарийн ЛолохоевгIеран а, Гадаборшев Аслангирейн а декъий дIадохкийта дIаделла аьлла, хаамбина бакъонашларъяран "Мемориал" (Оьрсийчоьнан Iедало "Мемориал" яьккхина арахьарчу агентийн статусе, амма "Мемориал" къера ца хилла цунна – ред.билгалдаккхар)

Стохка Марсхьокху-баттахь ГIалгIайчуьрчу Сунжан кIоштахь байира ЛолохоевгIар а, Гадаборшев Аслангирей а. ХIетахь дуьйна "Мемориалца" цхьаьна церан декъий схьадоьхура гергарчара.

"Цара ден теракт юкъахдоккхучу заманчохь байина бу" бохуш, дуьхьало йора ГIалгIайчуьрчу Талламан комитетан урхалло декъий гергарчарна дIадала. КIоштан а, иштта ГIалгIайчоьнан Лаккхарчу кхелашка а масийттаза латкъамаш бора церан сацамна.

2020-чу шеран ГIуран-беттан 18-чохь Сунжан кIоштан суьдхочо Наурузов Аюпа къобалйира Лолохоева Мадинин иск. Декъий дIадала деза, хIунда аьлча, Гадаборшев теракт деш вийна вац, бакъоларъяран органийн белхахошна тIекховдуш вийна аьлла, хьесап дира цо. ХIетте а ГIалгIачоьнан Лакхарчу кхело юхабаьккхира и сацам кху шеран Чиллан-беттан 16-чохь.

Гадаборшев Аслангирей а, Лолохоев ИбрахIим а, Iийса а вийра гIалгIайн Троицкое эвлахь контртерроран операци Iдахьош.

Къоман антитерроран комитето тIемалой бара уьш, "Исламан пачхьалкх" (Оьрсийчохь йихкина ю) олучу организацин агIончаш бара аьлла, дIахьедира.

Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело билгалдаьккхира, шайн велларг дIаволла гергарчарна таро ца юьтучо адамийн бакъонех лаьттачу Конвенцин борхIалгIа артикл йохайо аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG