ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь бехктакхаман гIуллакх долийна Толаман де вочу агIор хьахорна


Оьрсийчоьнан Талламан комитетан ГIалгIайчуьрчу урхалло бехктакхаман гIуллакх долийна меттигерчу 32 шо долчу вахархочунна дуьхьал. Цьнан ц1е йоккхуш яц. Оцу стагана бехке дуьллуш ду "хаамийн-телекомуникацийн машанех, шайна юкъахь интернет а йолуш, пайда а оьцуш нацизмна реабилитаци яр".

"Талламехь болчу хаамца, 2021-чу шеран Товбеца-беттан 12-хь шеконевиллинчу стага интернетехь дIахIоьттийна хааман материал. Цу тIехь цо вочу агIор яздина 1941-1945 шерашкахь хиллачу Сийлахь Даймехкан тIамехь толам баьккхина де даздарх лаьцна, ветеранийн сий а, ларам а аьшнаш а беш", - аьлла ду Талламан комитетан сайта тIехь.

  • Хьалхо хаам баржийнера гIалIайн 32 шо долчу блогерна Белокиев Исламна духьал бехктакхаман гIуллакх долийна хиларх лаьцна, тIемалойн сийн символийн сий дайъарна.
  • Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийнахь You-Tube-рчу "Мысли Ислама" каналехь, "День позора" цIе а йолуш видео арахецнера блогера. Талламхойн версица, оцу видеоно эсан сий дойъу даймохк ларбинчеран.
  • Оьрсийчоьнан инарлин прокурора Игорь Красновс некъ кховдийна нацизмана реабилитаци бакъяр, пропаганда яр экстремизм хилар санна тIелаца деза аьлла. Прокурорна хетарехь, оцо вуно аьтто бийр бу цу тайпа хIуманашна дуьхьало ян.
  • Кхушара Товбеца-баттахь президента Путин Владимира низамна тIе куьг таIийра, гуш-хезаш СССР а, нацистийн Германи а ШолгIачу дуьненан тIамехь цхьатерра яра алар доьхкуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG