ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь бевзаш боцчу наха юха а герзаш диттина полицин белхахошна


ГIалгIайчоь, Малгобек
ГIалгIайчоь, Малгобек

ГIалгIайчоьнан Малгобекан кIоштахь муьлш бу цахуучу наха герзаш диттина полицин белхахоша, цул тIаьхьа къайлабевлла уьш, оцу кIоштахь контртерроран операцин раж кхайкхийна.

The Magas Times телеграм-каналан хаамашца, инцидент хилла оханан-беттан 3-чохь суьйранна 16:50 минот хан йаьллачу заманчохь. Хаамбарехь, полицин белхахой Малгобекан йистехь ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а дозанехь полицин постана чиллан-беттан 27-чохь герзаш диттина нах лоьхуш хиллера. Бехке хетарш герзаш а тоьхна, цхьахволу полисхо лаза а веш, машенахь къайлабевллера.

Mash Gor телеграм-каналан информацица, тIелеттарш, хетарехь, пхиъ хиллера, ВАЗ-2105 машенахь а хиллера уьш. "ЧП Кавказ" телегарма-канало йаздора, тIехь номерш йоцчу ВАЗ-2107 шина машенахь дIабахара уьш бохуш.

Малгобекан кIоштахь контртерроран операцин раж кхайкхош сацам бинера махкарчу ФСБ-н урхалло, дийцира пачхьалкхан РИА "Новости" агенталло. Ишта хьасто хааамбира, полицин белхахой кхин дIоггара чIогIа лазийна бац аьлла.

  • Зазадокху-беттан 27-гIа буьйса юккъе йахначу хенахь ГIалгIайчоьнан Наьсаран кIоштахь полисхойн постана тIе герзаш диттинера бевзаш боцчу наха, цул тIаьхьа къайла а бовлуш. Кантышево эвлан галморзехь ДПС-н пост тоьхначу меттигехь динера тIелатар. Mash Gor телеграм-каналан хаамашца, мел лахара а кхоъ хиллера тIелеттарг, уьш детин басахь йолчу ВАЗ-21099 машенахь хиллера. Виъ вара тIелеттарг бохуш, дуьйцура. Шина полисхочунна чевнаш йира.
  • Къилбаседа ХIирийчуьра ДПС-н постана тIелеттачех хила тарло аьлла, лаца кхайкхийна ГIалгIайчуьра вахархо Эльдиев Рамазан зазадокху-беттан 29-чохь велла карийра Карабулакехь. Пачхьалкхан "Интерфакс" агенталлин хьасташа дийцарехь, иза велла хила тарло герзаш дIасадеттачу хенахь йинчу чевнех.
  • Зазадокху-беттан 27-чохь ГIалгIайчоьнан МВД-н урхалло лаца кхайкхийра махкара кхо вахархо терроризмана бехке ву аьлла, шеконаш кхолалйелла, вара царлахь Эльдиев Рамазан а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG