ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь кIеда таIзар дина, "сий лардеш" адам дерна


ГIалгIайчоьнан Лаккхара кхел
ГIалгIайчоьнан Лаккхара кхел

Стохка Чиллан-баттахь харцхьалелла доьзална тIе эхь даийтина аьлла, масийттазза урс тоьхна, шен йиша Евлоева Елизавета йийначу шкова Могушков Магомедбаширана ши шо лаьцна даккха хан тоьхна ГIалгIайчохь: Магасерчу кхело сацам бина цо адам дийна чIогIа оьгIазвахна аффектехь волуш аьлла.

И кхелам сацам бина хилла кхушара Товбеwа-баттахь, амма цуьнах лаьцна хиъна хIинцца. Суьдан сацамана тIе тидам бахна "гендеран ницкъ барна дуьхьал 16 де" цIе йолу информацин кампани дIахьуш йолчу "Правовая инициатива" проектан ("Правовая инициатива" арахьара агент лаьрра ю Оьрсийчоьнан Iедалша; вовшахтохаралла оцу сацамна реза яц. – Ред. билгалдаккхар.).

Оцу проектан адвокаташна хета и тайпа зуламаш дар, адамаш дайар ду аьлла, цабезам хиларан бух тIехь.

"Правовая инициатива" тобано биглалдоккху "сий лардон адамаш дайар" тахана а хуьлуш хилар а, ткъа бехке берш баккъалла а таIзар дарх кIелхьара бовлуш хилар а.

  • Евлоева Елизавета нисйеллера марехь болу зударий вон лела карзахабохуш, ткъа цул тIаьхьа, шаьш яьккхинчу видеоца шантаж а еш, ахча доккхуш хиллачу бандан декъашхо Альтемирова Iийса лоцуш полицино яьккхинчу видео тIехь.
  • Полицин белхахочо Холухоев Дауда социалан машанашкахь зорбане яьккхинера и видео. Холухоевна 1 шо 9 бутт хан туьйхира и зулам дарна колонехь-поселенехь даккха, амма кхел йоьдучу чохь дIахийцира иза, тоьхна хан талламан изоляторехь цо яьккхина хилар тидаме а эцна.
  • Могушков Магомедбашира видео тIехь шена гина йиша йийра, ткъа цул тIаьхьа каравахара полицина, ша къера хилла тIевар аьлла кехат а кечдойтуш.
  • Шинарин дийнахь, Лахьан-беттан 30-хь Дагестанехь кхело шолгIа а 2 шо хан туьйхира МВД-н хиллачу белхахочунна Велагаев Тагирана шен зуда ерна. Иштта кIеда таIзар дар а ду доьзна зулам дина хилла чIогIа оьгIазвахна аффектехь волуш, аьлла суьдхоша ларарца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG