ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь лаьцна жигархочунна тIелетта аьлла хета Нохчийчуьра бахархой


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

"Мехк-Кхел" юкъараллин боламан куьйгалхо волчу Султыгов Сараждина тIелатарна бехкехетачу кхааннан цIераш билгалъевлла ГIалгIайчуьрчу бакъоларъяран органашна, царех шиъ лаьцна.

Де хьалха суьйранна Султыговс полицига дIахьединера, шена динчу тIелатарх. Цо дийцинера, Назранерчу шен петаран неI тоьхнера вевзаш воцчу шиммо аьлла. Султыговс неI схьайиллича, царех цхьаммо тоьхнера цунна, шолгIачо телефона тIе дIаяздинера хуьлуш дерг. "Фортанга" ресурсо зорбане даьккхина видеокамераша дIаяздинарг, цу тIехь гуш ду, вевзаш воцчу стага неI тухуш, иза чувоьдуш, цо мийра ластош а.

Султыговс тIечIагIдира, нохчийн номерш йолчу машенахь тIелеттарш дIабахара аьлла.

"Интерфаксан" хаамашца, тIелатар дина аьлла, шеконашка эцна ОМОН-н хилла белхахо Идигов Зураб. Цул совнах, талламан изоляторе валийна Идиговца цхьаьна хилла Нохчийчуьра ши вахархо, царех цхьаъ ву телефонаца хуьлуш дерг дIаяздинарг.

ГIалгIайн полисхоша карарчу хенахь лоьхуш ву, талламаш бечу хенахь цIахь ца нисвелла Идигов. Цунна дуьхьал бехк баьккхина "Еттар" аьллачу Iедалан къепехь.

Агенталло билгалдоккху, оцу информацица доьзна цкъачунна официалан комментареш шайгахь яц аьлла.

  • Хьалхо кху баттахь Султыговс Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга кхо бехк кховдийра, нохчийн-гIалгIайн юкъаметтигашца доьзна. ШолгIачу дийнахь "Мехк-Кхел" юкхараллин организацин YouTube-канал яьстира.
  • 2019-чу шеран ГIадужу-батахь талламаш бира Султыговн хIусамехь, ГIалгIайчуьрчу бусулбачийн Ассоциацин куьйгалхочунна Абадиев Мусана хетарехь, иза доьзна хила тарлора Султыговс Нохчийчоьнан парламентан спикере Даудов Мохьмаде Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъарчу дозанах лаьттачу къовсамах бина кхайкхам бахьана долуш.
  • 2018 шеран Гезгамашин-беттан 26-чохь Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанех бертан куьйгаш яздира регионийн куьйгалхоша Кадыров Рамзана а, Евкуров Юнус-Бека а. Бинчу берто митингийн тулгIе гIаттийра ГIалгIайчохь: 2018-чу шеран гурахь а, 2019-чу шеран бIаьста а. Доза шайна эшам а хуьлуш къастийна, бохура протестхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG