ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь меттигера вахархо бехкево, шен кIантана герз тоьхна лулахо верна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалгIайчуьра Экажево эвлара вахархо бехкево стаг верна: талламан версица, шен лулахочунна урс тоьхна цо, вукхо таллархойн тоьпаца шен кIан лазийча.

Дахаран хьелашца доьзна бахьана хилла боху, оцу тIехула шеконаш йолчун кIантана когах герз тоьхна хилла. Лаьттахь Iуьллу шен кIант а, карахь топ йолу лулахо а вайча, урс тоьхна дас, хаамбина ГIалгIайчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина. Некхан ун лазийна иза дарбанан цIийне валийна, цигахь кхелхина кхин метта а ца вогIуш.

Оцу гIуллакхехула лаьцна 59 шо долу меттигера вахархо, йаздо ГIалгIайчуьра Талламан комитетан урхаллин пресс-гIуллакххоша, ша тIевеъна хилла иза. Цуьнан кIант а дарбан хIумсамехь ву.

  • Краснодарехь ши адам дийна бохучу гIуллакхо йоккха гIовгIа эккхийтинера: талламо бахарехь, бехкевечо шен хилла йезар а, шаьшиннан йоI а йийнера, зулам динчу меттинехь цIе теснера цо, ткъа беран дакъа хьуьнхахь дIадоьллира. Церан гергаранаш кхоьруш бу, и нах таро йолуш, зIенаш йолуш хиларна, оцу тIехула гIуллакх таIзар ца деш дерзорна.
  • ГIалгIайчуьра йартийн, кIоштийн, гIаланийн администрацешкахь вовшахтоьхна комиссеш йу чIирца а, кега-мерса хIуманаш тIехь а йукъахь девнаш лаьтта нах берта бохуьйтуш, йаздо "Интерфаксо" регионан куьйгалхочун а, министрийн кабинетан а пресс-гIуллакххошна тIетевжина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG