ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь муьлш бу цахуучу наха полицин постана тIе герзаш диттина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Зазадокху-беттан 27-чу буса муьлш бу цахуучу наха ГIалгIайчуьра Наьсаран кIоштара полицин постана тIе герзаш диттина, цул тIаьхьа къайлабевлла зуламхой, уьш лоьхуш бу, цхьа полисхо лазийна.

Мехкан МВД-н информацица, герзаш диттина хетарехь автоматаца. ТIелатар дина буьйса юккъе йахначу заманчохь Кантышево эвлан галморзехь, цигахь йу "Волга-14" пост, билгалдоккху The Magas Times телеграм-канало.

Mash Gor телеграм-каналан хаамашца, хьалхо динчу дIахьедарца мел кIезиг а кхоъ хилла тIелеттарг, детиха басахь йолчу ВАЗ-21099 машенахь хилла уьш. Цхьана полисхочунна когах кхетта. Дуьхьал герз диттина полицин белхахоша: хетарехь хьуьнхахь лечкъинчу тIелеттачарлахь а бу лазийнарш. ТIаьхьо Mash Gor канало билгалдаьккхира, лазийна полисхо Томскан кIоштара 38 шо долу лакхара лейтенант ву, иза дарбан цIинйне охьавиллина, цуьнгара хьал вон дац аьлла.

Хьалхо зазадокху-беттан 27-чохь, The Magas Times телеграм-каналан хаамашца, ГIалгIайчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министралло лехамашка велира терроризмана бехкевина махкара кхо вахархо. Ориентировки тIехь билгалдаьккхинера, детиха басахь йолчу ВАЗ-21099 машенахь уьш бу, цаьргахь герз хила а тарло аьлла.

  • Астраханера лоьрийн академин кхо студент – ГIалгIайчуьра ГандалоевгIеран вежарий Малик а, Рамазан а а, Дагестанера вахархо Гаммадов Арсен а – вайра Астраханера ГIалгIайчу баха чиллан-беттан 27-чохь новкъабевлча. Ницкъахойн хаамашца, цара Астраханехь лаьцна хиллачу петар чохь "динан-экстремистийн битамехь йаздина тIаьххьара кехат" карийра. Гаммадов а, Гандалоев Малик а лецира дахначу кIиранах, ткъа Гандалоев Рамазан цул тIаьхьа масех де даьлча къарвелла ша полици тIевеара. Бакъоларйаран органийн хаамашца, ницкъахошна къайле карийнера боху, куьйгайина оьккхуьйтург чохь латтош. Кхаа студентана дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна лоьлхуьйтурш йарна а, дIайехкина латторна а.
  • 2022-чу шеран лахьан-баттахь Нохчийчохь, ГIалгIайчоьнан дозана гена йоццучу Ассиновская станицехь цхьана наха герзаш диттира цхьана цIенна хьалха хIоттийначу машенна тIе, машенлелорхочунна чевнаш йира.
  • Кхин а кIира хьалха Соьлжа-ГIалахь тIелатар дира полицина. Официалан хаамашца а догIуш, зулам динарг хиллера уьрсаца кIело йина 19 шо долу меттигера вахархо. ГИБДД-н белхахо вийра цо, цуьнгара тапча а йаьккхина, кхечу полисхошна герз детта волавеллера, цара дуьхьал тоьхна вийра иза. Нохчийчохь кхул хьалха а, 2021-чу шеран товбеца-баттахь, дира тIелатар, иза динарг а вара урс карахь тIелетта меттигера вахархо. Полисхоша дуьхьал герз тоьхнера цунна, дарбан цIийнехь кхелхира иза, МВД-н белхахошна зен-зулам ца хилира.
  • 2022-чу шеран дечкен-баттахь муьлш бу цахуучу наха герзаш диттира, ГIалгIайчоьнан урхаллехь Евкуров Юнус-Бек волчу заманчохь, мехкан урхалхочуьнгахула динца доьзна гIуллакхаш луьсту Сагов Ахьмадан Наьсарерчу цIенна. Кхин а кхо кIира хьалха Евкуровн вешин Сунжа-кIоштара Троицкое эвларрчу цIенна а диттира герзаш.
  • 2020-чу шеран гIуран-баттахь Соьлжа-ГIалахь полисхошна тIелетира ГIалгIайчуьра ши ваша. Официалан информацица, цу шинна герз туьйхира, цхьа полисхо вийра, шолгIаниг лазийра. Нохчийчоьнан Iедалхойн агIор Iаткъам бира тIелеттачийн гергарчарана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG