ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь йогуш ю республикехь йаккхийрачех къевлина нехийн оьла


Гайтаман сурт

ГIалгIайн Малгобекехь (40 эзар стаг веха гIала) йогуш ю республикехь 20 гектар йолу йаккхийрачех нехийн оьла. Официалехь иза дIакъевлинера 2017-чу шарахь, амма цига хIинца а нехаш кхуьйсу, яздо "Фортангано".

1980-чу шерашкахь болх бан йолаелла полигон. ДIакъевлиначул тIаьхьа, 2019-чу шарахь, Iаламан министраллин омраца иза Iаламна гулдинчу кепехь зен даран объектийн реестре кхаьчна. 2020-2021-чу шерашкахь оьла дIайоккхур ю, тIаккха цуьнан бухара латтана рекультиваци йийр ю бохура, амма белхаш хIинца а сацанза ду.

Малгобекан цхьаволчу вахархочо "Фортангаца" хиллачу къамелехь гIала "уггар боьха" ю аьлла ГIалгIайчохь: "Ур-атталла паркашкахь, некъан йистошкахь а кхийсина ю нехаш. ГIала лахенехь Iуьллу, мох кIезга хуьлу, цундела Iуьйранна цIе тоссу оьлана, ерриг гIалахь кIур хуьлу вала меттиг боцуш, са ца даккхалуш лела нах".

  • Краснодаран махкара Красноармейская кIоштан Полтавская эвлахь некъ дIакъевлира, нехийн полигонан лулахь хиларо кхуллучу проблемина тIе тидам бахийта гIерташ, царна хетарехь, шога низамаш хедош болх беш ю иза. Прокуратуре коллективан латкъам бина йолу пенсхо дIалецира полицино, шолгIачу жигархочунна духьал протокол хIоттийра, гуламан низам дохорна.
  • Къилбаседа ХIирийчоьнан цхьайолчу кIоштан центрехь – Алагирь гIалахь – меттигера наха айбинчу "нехийн тIамна" дуьхьало еш лела Iедал. Республикан прокуратурано таллам болийна оцу кIоштан дозанехь санитаран-эпидемин низамаш талхийна хилар зуьйш.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG