ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а къоьлла хьоьгучу регионашлахь ю


Оьрсийчоьнан регионашлахь къоьллехь бохку нах дукха болчу мехкийн тептарехь нисъелла Тува а, ГIалгIайчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а. Саранскехь дIаяьхьначу "Содружество" форумехь Оьрсийчоьнан къинхьегаман министралло динчу дIахьедарехь хиина цунах лаьцна. Къоьллин тIегIа лерина регионан бахархойн тIедогIучу рицкъах хIиттийначу проценташца, яздо РБК агенталло.

Тувахь 34,1% ю, цунна тIаьхьа йогIу ГIалгIайчоь (30%), тIаккха ю ГIебарта-Балкхаройчоь (24,2%).

Росстатан зерашца, хьалхарчу эхашеран жамIашца, Оьрсийчохь къоьллин дозанал дехьа бехаш бара 19,1 миллион стаг, проценташца аьлча 13,1 процент бахархой.

*Оьрсийчоьнан официалан статистикано чуоьцу ишта аннекси йинчу ГIирмера хьал а цхьана.

2020-чу шарахь официалехь хIора баттахь 10 эзар сом алапа оьцучу 20 регионан топехь нисъелла Къилбаседа Кавказера ялххе а республика.

Тува дIаяьлча шолгIачу меттигехь ю ГIалгIайчоь, къен нах дукха хиларца. КхоалгIачу позицехь ю Кхарачой-Чергазийчоь, цигахь 22 процент бахархой бу къоьлла ловш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG