ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьнан куьйгалхо лаьттинчу Евкуровн вешин цIенна тIе герзаш диттина


Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовсан, ГIалгIайчохь куьйгалхо лаьттинчу Евкуров Юнус-Бекан вешин Сунжа кIоштарчу Троицкера цIенна тIе герзаш диттина муьлш бу цахуучу наха.

Оцу инцидентехь зен хилларш бац,яздо "Интерфаксо", оцу меттигехь гIуллакх толлуш оперативан-талламан тобанхой хилар билгалдоккхуш. Жимчу машенан корехула борхIазза гез тоьхна ца бевзачу наха. Герз диттинарш къайлабевлла, уьш лаца аьтто ца баьлла. Хууш дац, мича бахьанашца дина зулам ду. Официалан комментарий карарчу заманчохь журналисташкахь яц.

Евкуров Юнус-Бек мехкан урхалле хIоттийра 2008-чу шарахь. 2019-чу шарахь цо дIахьедира хенал а хьалха даржера вала сацамбарх. Евкуровс элира, Нохчийчоьнца дозанех бертан куьйгашъяздарца боьзна бац шен лаам аьлла. Карарчу хенахь Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовс ву иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG