ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь харцдина Карабулакехь тIемалошца хиллачу кхийсаршкахь ларамаза стаг вер


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт
Карладаьккхина: Зазадокху-беттан 3-чохь суьйранна республикин урхалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас хаамбина, Карабулакехь КТО-н раж йухайаккхарх. Оперативан хаамашца, цигахь дIайаьхьначу операцихь вийна 6 стаг. Уьш берриш а бехкехилла 2023-чу шарахь ДПС-н постана тIелатарна а, полицин кхо белхахо верна а, йаздина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо. Вийначух кхоъ федералан лехамашкахь хилла.

КТО-н раж лаьттачу йукъанна гIалгIайн Карабулакехь вийна пхи гIаттамхо, цигахь герзаш детташ вийна хила тарло ларамза тIехволуш хилла стаг а, йаздо Baza хьасто. Репсубликера могушалла Iалашйаран министралло фейк йу боху маьрша бахархошлахь зенаш хилла бохург, "хаа хууш, нахалахь харцо йаржочунна" бехкзуламан жоьпалла тIедожор ду бохуш, кхерамаш туьйсу.

Карабулакехь контртерроран операцин раж йукъайаккхарх дийца даьккхира зазадокху-беттан 2-чу сарахь -гIалин къилба агIор кхайкхийнера и, Рабочая, Осканова, Набережная, Джабагиевн урамийн дозанашкахь, дийцинера мехкан урхалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас. Дуккхаъ а нах чохь бехачу цIийнан йоьалгIа гIат тIехь муьлш бу ца хуучу нахна блок тоьхнера ФСБ-н оперативникаша. Цкъа хьалха оцу чохь беха нах гергарчу школехь дIатарбинера цара. Хиламаш хиллачу меттигехь йаьккхинчу видео тIехь хеза автомат йетташ – нахала даьхначу суьрташ тIехь гуш ду, гранатометаш йара цIенна йетташ.

Къайлахчу сервисийн оперативникийн гIаттамхошца герзаш деттар масех сахьтехь лаьттира, кхийсарш сатоссуш совцийра. Байинчу тIемалойх лаьцна ларарш ке-кепара ду. Baza телеграм-канало пхиъ вийна боху, оцу меттигехь йалх дакъа карийнера, йаздо Mash гIирсо. Официалехь хаийтина дац, маса стаг вийна а, КТО-н раж йерзарх а. Мехкан урхалхочо дош деллера, КТО йерзарх тIаьхь хаам бийр бу аьлла.

Зазадоккху-беттан 3-чу буса ГIалгIайчоьнан могушалла Iалашйаран министралло йаздира, "лазийначех йа байинчех тIечIагIбина хаамаш кхаьчна бац". Меттигерчу группехь хIоттийна пост йара, гIалин поликлинике дуккха а лазийна нах бу кхоьхьуш аьлла. Герзаш деттачу хенахь чевнаш йина кхаа ницкъахочунна, вийна тIехволуш хилла цхьа стаг а, йаздо Baza хьасто. Могушалла Iалашйаран министраллехь и зераш нийса дац элира, ткъа и хабарш даржочарна колонихь даккха кхо шо хан кхайкхор йу аьлла, кхерамаш тесира.

ТIелеттачарех хууш кIезиг ду. Зорбанан гIирсаша йаздарехь, вуьйцург ву йалх тIемало. Герзаш кхийсале де хьалха Карабулакан къилбехь цхьана дIатесначу цIийна чохь полицина тIеман гIирс карийнера дIабиллина. Ах эзар гергга автоматан патармаш карийнера цигахь. Ткъа гIаттамхошкахь шайгахь хиллера дуккха а автоматаш а, лоьлхуьйтурш а, билгалдоккху "Известия" газето.

  • Карабулака йуккъехь герзаш деттарх хеттарш дан буьлабелира Iедалхошка меттигера бахархой 19:40 хан йаьллачу заманчохь. Иштта комментареш йитира цара гIалин администрацин тIаьххьарчу поста бухахь.
  • Стохка зазадоккху-бутт бовш дуьйна иттех де хьалха кхузза полисхошна кIелойина герзашца йолу тоба лоьхура ГIалгIайчоьнан Малгобекан кIоштахь. Цигахь вийра полицин кхо белхахо. Охан-бутт йуккъе баьллачу хенахь ГIалгIайчоьнан Iедалхоша дIахьедира шеконашца виъ стаг верах.
  • "Терроран тохарш а, терроран зуламаш а" йукъахдахархьама ГIалгIайчуьра къайлахчу сервисийн урхалло охан-беттан 3-чохь контртерроран операцин раж кхайкхийра. ТIелеттачарна гIо-накъосталла латтийна аьлла ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра а исс вахархо лаьцначул тIаьхьа а латтийра КТО.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG