ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьнца дозанехь герз кхийсина стаг дIалаца гIерта Къилбаседа ХIирийчоьнан МВД


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къилбаседа ХIирийчоьнан МВД-но тIечIагIбина ГIалгIайчоьнан дозанехь герз кхийсина боху хаамаш. Хьукмато бахарехь, дечкен-беттан 1-хь хилла и. Зуда йалоран кортежан декъашхоша автоматикан герз кхийсина хилла. Пригородан кIоштан Дачное эвла боьлхуш хилла уьш. Республикерчу МВД-но чIагIдо, низам дохийнарш керийна, амма церан цIерш ца йоху.

Герз кхийсина пхи де даьлча и видео телеграм-каналашкахь гучуйаьлча бен тидам ца бина цунна Къилбаседа ХIирийчоьнан полицино. ХIинца, республикерчу МВД-но чIагIдарехь, "низам хедийнарш дIалецаран барамаш бу дIахьош".

"Меттигехь хилла болчу, низам хедор сацийна боцучу полисхойн леларна а мах хадор бу", - аьлла дIахьедина хьукмато.

ГIалгIайчоьнца долчу дозанехь герз кхийсарх лаьцна де хьалха дIахьедира "Новости Осетии" зорбано. Арахецначу видео тIехь гуш ду, бевзаш боцу нах номераш йоцучу машенашкахь чехка хаьхкина полисхошна тIехбовлуш (шина республикан дозанера Черменан постехь ду боху иза), тIаккха полисхой тIаьхьабовлу царна. ШолгIачу видео тIехь машенан корера вевзаш воцчу стага стигала герз детта, цунна тIаьхьайаьлла патрулан машен хуьлу.

  • 2021-чу шеран чакхенгахь Къилбаседа ХIирийчоьнан Пригородан кIоштахь цхьамогIа девнаш дийлира гIалгIашна а, хIиришна а йукъахь, Кавказ.Реалиин сайто лазийначу нахах дийцира.
  • 1992-чу шарахь Пригородан кIошт къовсуш хIирийн-гIалгIайн конфликт иккхира, барамаш бохор, нах байъар а хилира цигахь. Эшамех лаьцна хаамаш кеп-кепара бу, 900 вийначух а, бархI эзар зен хиллачух а хууш ду.
  • ХIирийн-гIалгIайн конфликт хиларан бахьана Сталинан политика йу, элира бакъоларйаран "Мемориал" центро - 1944-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн республика дIайохийча, Пригородан кIоштан доза Къилбаседа-ХIирийчоьнан АССР-н чоьте даьккхира хIетахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG