ГIалгIайчуьра Малгобекера 4 шо долу йоI Муцольгова Самира кхелхина лейкоз цамгарх, иза хьийзийна йац – иштта жамIаш дина йоьIан докъана тIаьххьара йинчу кхелан-медицинан экспертизо. И бIостане ду кхул хьалха йинчу экспертизин хаамашца а, йоI дарбадан охьайиллинчу дарбанан хIусамера лоьран информацица а.
Пятигорскера экспертийн жамIийн копи кхаьчнера "Фортанга" гIирсе. Цу тIехь охьайаздина лазийна лараш, хье чу цIий хьадар, эхье меттигехь моьнаш хилар, амма эксперташа боху, и дерриг а чIогIа лейкоз хиларна ара ца йахалуш ницкъхиларна ду.
Оцу йукъанна, "Фортанго" чIагIдо, хьалхо ГIалгIайчуьра кхелан-медицинан экспертизин Бюрохь бинчу талламо а тIечIагIдар, йоI хьийзийна хилар. Официалехь зорбане ца йаьккхира йинчу шина а экспертизийн жамIех информаци.
Муцольгова Самира охьайиллинчу, иза кхелхинчу дарбанан цIийнехь болх бечу лоьро ресурсана йеллачу комментарихь билгалдаьккхира, цунна хетарехь, керлачу экспертизехь йаздинарг хила йиш йац оцу лазарца доьзна. Цо иштта дIахьедина, иза дийна йолчу хенахь цуьнга хьоьвсинчу лоьрийн "цхьа а шеко йац", иза хьийзийна хиларх. Изза элира Кавказ.Реалиин сайтана комментарий йеллачу дарбанан цIийнан белхахочо Самира дийна йолчу хенахь.
Оцу йоьIанна тIехь эвхьазаллица хьийзорах лаьцна гIалгIайн жигархоша, блогерша, адвокато а дIахьедира, иштта ур-атталла ницкъахошца йоьзна хила тарлуш йолчу телеграм-канало а элира цунах дош. Шен белхан накъосташка кхайкхам бира каналан авторо, "дIа а лаций, массарна а гуш, кхел йе оцу бераш хьийзочу стагна тIехь". Ткъа бер деллачул тIаьхьа цо йуха а кхайкхамбира Талламан комитете: "Шуна хууш ма ду, и йоI хьизиний" аьлла.
Самира кхалхарх гIуллакх толлу талламхо марсхьокху-баттахь духьал хилира волайнхочун агIор болчу адвокаташна гIуллакхан материалаш йала. Оцу дуьхьалонна латкъам бира адвокато Беков Мохьмада.
- Стигалкъекъа-беттан 16-чохь кхелхира Муцольгова Самира. Цул а кхо де хьалха дарбанан цIийне кхачийнера иза кхетамчохь йоцуш. Оцу йукъанна лоьраша къастийнера цунна тIехь чолхе чевнаш хилар а, иза пневмоница хилар а, иштта йоI хьизийна билгалонаш хаайеллера цунна тIехь. Талламан комитетехь и хааамаш "бакъ бац" элира.
- Самирин нене бехкаш кховдийна хаа а хууш, цунна тIехь къизаллаш лелорна, иштта гIуллакх долийна ненан декхарш кхачам боллуш кхочуш ца дарна. Лаьцна хиллера Самирин ненанана а, амма иза дукха ца Iаш дIахийцира, къизаллаш лелош декъахь иза хиларх тоьшаллаш ца карийна. Хаамабора, оцу йоIана тIехь эвхьазалла лелийна стаг а цхьаьна лаьцна бохуш, оцу информацина тоьшаллаш дац.
- Стигалкъекъа-беттан 18 чохь тезет хIоттийра ГIалгIайчохь. Цига баьхкинера масех эзар махкара бахархой, хьаькамаш а, Iеламчаш а цхьаьна. Имамаша а, къаноша а кхайкхамбира, берана тIехь гIело латтийначарна бекхам бе аьлла. ХIетахь дийца даьккхира, стенах йелла, иза хьизийна хиллий хьожуш кхелан-лоьрийн экспертиза йинийла
- Кхиазхойн гIуллакхашкахула йолчу комиссино сацамбина Самирин ваша а, йиша а аьтто болуш бехачу доьзале дала. Бераш кхаба дIалаьцначун цIе йоккхуш йац.