ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра блогер лаца кхайкхийна – Оьрсийчу дIахьажон кхерам бу шена боху цо


Блогер Аушев Адам
Блогер Аушев Адам

Дозанал арахьа вехачу 38 шо долчу ГIалгIайчоьнан вахархочунна Аушев Адамна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долйина. Официалехь тIечIагIбазчу хаамашца, иза бехкево Оьрсийчохь террорхойн лерина "Кавказан Имарат" юкъаралла бакъйарна. Хьалхо блогерна дуьхьал иштта а дара айдина ши гIуллакх – нацизмана а, экстремизмна а реабилитаци йарна а, терроризме а кхайкхамаш барна.

Керла гIуллакх доло бахьана хIоьттина хилла, "Розыск Ингушетия" телеграм-канало чIагIдарца, 2022-чу шарахь блогеро, ша Кипрехь вехачу заманчохь, зорбане хIоттийна видео. ФСБ-н а, экстремизмана дуьхьало латтон Центр а ю и гIуллакх толлуш, Аушев дуьненайукъарчу лехамашка велла, йаздо телеграм-канало. Цул совнах чIагIдо, кху шеран йуьххьехь Туркойчохь кхоьллинчу "ГIалгIайн маршонан Комитетан" декъашхо хилла иза бохуш.

Интерполон а, Оьрсийчоьнан МВД-н а йиллинчу базашкахь хIара хаам зорбане боккхучу хенахь Аушев лохуш хиларх хаийтина дац. Делахь а, Кавказ.Реалиин сайте дIахаийтина блогеро, шена даймахка экстрадици йан тарло аьлла.

Цо бахарехь, къайлах Кипр Республикера Къилбаседа Кипре дехьаваьлла иза. Цигахь эхашарахь лаьцна латтийра Аушев, бакъо йоцуш доза хадорна а, харц кехаташ лелорна а бехкевина, цул тIаьхьа Туркойчу дIахьажийра блогер. Цигахь иммиграцин набахтехь кхин а цхьа бутт баьккхира цо.

"ХIора батттахь цигахь куьйгйаздан декхарийлахь ву со. Суна и кхераме ду, со лаца тарло, дуьненайукъара лехамашка велла со, Оьрсийчохь суна дуьхьал даьккхина пхи гIуллакх ду", - дIахьедина Аушевс, ша блог лелорна тIехула шен да а, ваша а лачкъийна вигинера къайлахчу сервисаша аьлла билгалдоккхуш.

Карарачу хенахь жигархо "ГIалгIайн маршонан Комитетан" жигархо ву, информацин-аналитикан декъехь болх беш ву иза аьлла, дийцира оцу цхьанатохараллехь.

"Дуьненайукъарчу лехамашка вларна а, цунна дуьхьал рогIера гIуллакх даккхарна а – тхо цец ца деалла. Кхин хIун дийр дара, Евроберто терроризман спонсор йу аьлла, тIеэцначу пачхьалкхо?", - элира комитетан векалша.

  • 2009-чу шеран аьхка дуьйна Аушев Къилбаседа Кавказехь Оьрсийчоьнан Iедалхоша лелочу политикина критика йеш ву, цо дIахьедора къайлахчу сервисаша террор латтош хиларх. Роскомнадзоран администрацин дехарца дIакъевлинера цуьнан ютуб.
  • 2022-чу шеран аьхка блогеро гIалгIайн къаношна а, Iеламчашна а, ницкъахошна а критика йинчул тIаьхьа, АушевгIеран тайпанах болчу наха къинтIера бехира уьш, шайх дIахадийра Аушев Адам.
  • 2023-чу шеран чиллин-баттахь ГIалгIайчуьра "Э" Центран белхахой баьхкира гIалгIайн блогеран да а, жигархо Йоулой Руслан волчу а. КIантах лаций дийца аьлла, тIедожийнера дена полисхоша, иза "ГIалгIайн маршонан Комитетан" тобанца хилар дIа а хоуьйтуш.
  • Украинехьа летачу Шейх Мансуран цIарх йолчу нохчийн батальонан хиллачу спикерна Белокиев Исламна дуьхьал Оьрсийчохь пхоьалгIа бехктакхаман гIуллакх долийна. Дуьйцу, хIинца иза терроризмана ахча латторна а, батальонна гIо даре кхайхкхамаш барна а бехкевеш хиларх. Ша Белокиеве, йа цуьнан гергарчаьрга а цхьа а хаамаш ца кхаьчна ницкъахошкара.
  • 2022-чу шарахь Украинин Лаккхарчу Радехь сацам тIеийцира, Нохчийчоь Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина мохк бу аьлла. Иштта йемалдира махкахь ши тIом боьдучу йукъанна латтийна "нохчийн къоман геноцид" а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG