ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра кхаа вахархочунна кхел йина бизнесхо Калманович верна


Калманович фон Шабтай

2009-чу шарахь бизнесхо Калманович Шабтай верна бехкехилар тIечIагIдинчу ГIалгIайчуьра батIалхьажойн юкъараллера волчу Костоев Багауддина а, Белхороев Iелина а, Тумгоев Батырна а 22, 20, 18 шераш чохь такха хенаш тоьхна Москва гIалин кхело.

Хьалхо кхечу зуламашна динчу таIзарца цхьаьна кхел йинера Костоевна а, Белхороевна а, хаамбо Business FM гIирсо. Костоевна 2018-чу шарахь талораш дарна 11 шо хан туьйхира набахтехь яккха, ткъа Белхороевна талораш лелорна 2005-чу шарахь ворхI шо тухуш бехкаме таIзар дира; бехкаме бина сацам хIинца юхабаьккхина.

Де хьалха прокуроро велла дIаваллалц чохь вуьтуш хан тохар дехнера Костоевна, ткъа Белхороевна а, Тумгоевна а – 25 а, 24 а шераш.

Кхеле хIиттийначара бехкаш тIе ца лаьцна. Бехк тIечIагIбеш вердикт кхайкхийнера царна бехккъасторхоша товбеца-баттахь. Калманович вен кхайкхийнарг мила вара хууш дац хIинца а.

  • 2009-чу шеран лахьан-беттан 2-чохь вийра Калманович – цуьнан машенна тIе герзаш диттинера Смоленскан хийийистан кIоштахь. Талламан версица, кхеле хIиттийначу вукхарна Тумгоевс дIахаийтинера бизнесхо дIасалелачу маршрутах – машенахь цунна тIаьхьабевлла леллера уьш, машен лелориг Белхороев вара, герз диттинарг Костоев. Оцу меттигехь веллера Калманович, цуьнан машенлелорхочунна чевнаш йинера, иза дийна виссира. ТIелеттарш бу аьлла хетарш лецира зулам дина 10 шо даьллачул тIаьхьа – 2019-чу шеран мангал-баттахь.
  • Ницкъахойн хаамашца, оцу гIуллакхна тIехула хеттарш дира Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а, Архангельскан кIоштара а, кхечу регионашкара а 30 теше. Кхеле балийнарш бехкебира вовшахтоьхначу тобана юкъахь стаг верна а, кIелоярна а, иштта бакъо йоцуш герз лелорна а. "Коммерсанто" яздарехь, иза вуьйчу дийнахь лелийна боху машен а, герз а полисхошна ца карийра.
  • Цхьадолчу хетачуьнца, бизнесхочунна тапча тоьхна хила тарлора Япончик цIарца дика вевзаш волу Иваньков Вячеслав вуьйш юкъахь хилла ву аьлла, дуьхьал бекхам беш. Кхул а хьалхо – 2009-чу шеран гIадужу-баттахь вийра криминалан авторитет. "Московский комсомолец" газето йийцинчу версица, зуламан дуьненан лидерша сацамбира Иваньков вийначунна бекхам бан, цу тIе тIелетар дира "криминалан къу"вийна 40 де кхочуш.
  • Калманович Шабтай вуьйчу хенахь цунан 61 шо дара. Советан заманахь КГБ-н таллархойн школа чекхъяьккхина а ву иза. ТIаьхьо шен доьзалца цхьаьна Израиле дIавахара иза, цигахь кхел йира цунна, СССР-ехь шпионажалла лелийна аьлла, бехкевина пхи шой ахшой набахтехь даьккхийтира цо. Иза маьршаваккхар доьхуш кехаташ яздора Горбачев Михаила а, Янаев Геннадийс а, Пуго Бориса а, Руцкой Александра а, иштта кхинболу пачхаьлкхан гIуллакхдархоша а.
  • Советан Iедал доьхначул тIаьхьа Калмановичан долахь яра Оьрсийчуьра уггар а яккхийчех фармацевтийн компани. Цул совнах, бизнесхо коьрта менеджер вара Оьрсийчуьра зударийн баскетболан тобанан, иштта Москван кIоштан губернаторан Громов Борисан хьехамча а.
  • БатIалхьажой – динан гIуллакхдархочун юкъаралла ю, къадиран тарикъатан суфийн шейхан статус йолчу Белхароев БатIал-Хьаьжин тIаьхье лору цара шаьш. Цу тобанахь ву 20 эзар гергга стаг. Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь, ГIалгIайчуьрчу МВД-н экстремизмана дуьхьало латточу Центран хилла куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим верна Оьрсийчохь бехкевечу батIалхьажочо Белхороев Ильяса дийцира, шен дай Советан заманахь политикан буха тIехь лецарх, хьийзорах.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG