ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра латархочо Евлоев Мусас дашо мидал яьккхина Олимпиадехь


Евлоев Муса (Ингушетия.ру сайта тIера сурт)

Японин коьртачу гIалахь Токиохь дIайоьдучу Олимпиадехь греко-риман кепехь леташ Олимпин ловзарийн чемпион хIоьттина ГIалгIайчуьра спортхо Евлоев Муса. Финалехь цо эшийна Эрмалойчуьра латархо Алексанян Артур.

ГIалгIайн спортхо Евлоев ву Олимпин чемпион а, шозза дуьненан чемпион а, Оьрсийчоьнан чемпионатийн чемпион а, призер а, Европан шозза чемпион а, Европерчу къаьмнийн Кубок яьккхинарг а, дуьненан кубок яьккхинарг а, Оьрсийчоьнан хьакъ долу спортан говзанча а.

  • Халхо хаам бина ма хиллара, Оьрсийчуьра нохчийн къомах волчу боксёра Хатаев Имама борзана мидал яьккхина Токиохь дIадоьлхучу Олимпин ловзаршкахь.
  • Оьрсийн тобанан декъашхо волчу нохчийн дзюдоиста Башаев Тамерлан борзана мидал яьккхина Олимпиадехь 100 сов кила йозаллин категорехь. Ахфиналехь иза эшийра Гуьржийчуьрчу спортхочо Тушишвили Гурама.
  • 2020-Олимпиадехь дакъалоцуш бу кхечу пачхьалкхашкахь беха нохчийн спортхой. Иштта 26 шо долчу Австрин Олимпин тобанан декъашхочо Гуьржийчуьрчу Панкисехь винчу дзюдоиста Борчашвили Шамила яьккхира Токиорчу Олимпиадехь борзана мидал 81 кила йозаллан категорехь леташ.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG