ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра СИЗО-ра арахецна диъ шо долу Самира йерна шеконашкахь хилларг


Муцольгова Самирин коша хьалха, ГIалгIайчоь
Муцольгова Самирин коша хьалха, ГIалгIайчоь

Дахначу шеран бIаьста ГIалгIайчохь диъ шо долу Муцольгова Самира кхалхаран гIуллакхехула лаьцна хилла Ведзижев Башир арахецна талламан изоляторера. Ведзижев маьрша ваьлла хиларх цо ша хаийтина, "Сапа Кавказ" телеграм-каналехь зорбане йаьккхинчу видео тIехь. Цу стага ша ма-аллара, иза "цIа веъна".

Официалехь ГIалгIайчоьнан талламан органаша Ведзижов лацарх а, йа маьрша ваккхарх а бина хаам бацара. Хьалхо хаамийн гIирсаша иза шеконашкахь ву бохуш дуьйцура, дIаваьккхиний иза оцу статусера, хууш дац.

Муцольгова Самира йелира 2023-чу шеран стигалкъекъа-бетта 16-хь. Цулла хьалха иза дарбан цIийне кхечира кхетамчохь а йоцуш, лоьраш цуьнан дегIа тIехь дуккха а чевнаш билгалйехира, йара царлахь йоI эвхьазлонца хьийзийчу хиларх билгалонаш а, амма официалехь иза хIинца а тIечIагIдина дац.

ТIаьххьара ГIалгIайчуьра талламан комитетан урхалло Самира йаларах дIахьочу гIуллакхах дIахьедира бархI бутт сов хьалха.

  • Самирин нене бехкаш кховдийна хаа а хууш, цунна тIехь къизаллаш лелорна, иштта гIуллакх долийна ненан декхарш кхачам боллуш кхочуш ца дарна. Лаьцна хиллера Самирин ненанана а, амма иза дукха ца Iаш дIахийцира, къизаллаш лелош декъахь иза хиларх тоьшаллаш ца карийна. Хаамабора, оцу йоIана тIехь эвхьазалла лелийна стаг а цхьаьна лаьцна бохуш, оцу информацина тоьшаллаш дац.
  • Стигалкъекъа-беттан I8 чохь тезет хIоттийра ГIалгIайчохь. Цига баьхкинера масех эзар махкара бахархой, хьаькамаш а, Iеламчаш а цхьаьна. Имамаша а, къаноша а кхайкхамбира, берана тIехь гIело латтийначарна бекхам бе аьлла.
  • Стигалкъекъа-беттан 16-чохь кхелхира Муцольгова Самира. Цул а кхо де хьалха дарбанан цIийне кхачийнера иза кхетамчохь йоцуш. Оцу йукъанна лоьраша къастийнера цунна тIехь чолхе чевнаш хилар а, иза пневмоница хилар а, иштта йоI хьизийна билгалонаш хаайеллера цунна тIехь. Талламан комитетехь и хааамаш "бакъ бац" элира.
  • Дечкен-бутт бовш ГIалгIайчохь кхелхира пхи шо долу йоI. Официалехь йоцчу информацица, водородан пероксидах дIовш даьллера цунна. Аьтто боцуш бара церан доьзал, дIахьедира берийн омбудсмено Чахкиева Заремас. Оцу кепарниг нисло социалан хьукматийн ледарлонашна, зулам хиллачул тIаьхьа бен терго ца йо цара элира Кавказ.Реалии сайтан эксперташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG